Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу оцу тӏамехь ах сов боьрша нах байъинера, халкъо бӏешерийн дохалла хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг, кхиийнарг, историн а, культурах а хӏолламаш, ӏалам, къоман сийлахь мел дерг хӏаллакдинера. Оцу тӏамо лаххара а шина-кхаа бӏешарна сацийра цуьнан исторически кхиар.
1877-чу шеран апрелехь, ӏаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, паччахьан ӏедална дуьхьал тӏаьххьара а боккха гӏаттам хилира Нохчийчохь. И гӏаттам болийнарш уггар къечу, бохамечу хьолехь йолу ламанан Нохчийчоьнан йарташ йара, амма царах дӏа ца кхийтира аренгара йарташ. Цкъа-делахь, тӏеман гӏаьпнийн йаккхийчу тоьпийн биргӏанашна кӏел а, гӏалагӏазкхийн станицийн гонна йуккъехь а йара уьш; шолгӏа-делахь, ломарчу нохчийчул мелла а алсам латта а, сискал а йара церан. Амма коьртаниг кхин дара. ХӏХ бӏешеран йуьххьехь, оьрсийн-нохчийн тӏом болалуш, нохчийн махкахь вехаш цхьа а оьрси вацара. Амма 1818-чу шарахь дуьйна, цкъа «Грозная» цӏе тиллина гӏап а йиллина, тӏаккха шаьш нохчийн дӏалоьцучу латтанаш тӏе тӏеман гӏаьпнаш а, гарнизонаш а йохкуш, и латта шайна тӏечӏагӏдан а, нохчашкахь дисинарг схьадаккха а, хӏара халкъ къардина, лолле дерзо а ӏалашо йолуш, оцу гӏаьпнашна улло оьрсийн колонистийн слободаш йохкура правительствос. ХӏХ бӏешеран шолгӏачу эхехь нохчийн уггар дикачу махка тӏе, дукхахйолу нохчийн йарташ дӏа а йохуш, гӏалагӏазкхийн станицаш йехкира. Хӏинца Грозный-гӏалел совнаха, Нохчийчохь ткъе шиъ тӏеман гӏап а, ткъе шиъ гӏалагӏазкхийн станица а йара. Станицашкара бӏе эзар гергга гӏалагӏазкхи ӏедало, олуш ма-хиллара, цергашна тӏехӏотталц герзаца кечвинера, царал совнаха, тӏеман гарнизонашкахь эзарнаш салтий а, йаккхий тоьпаш а лаьттара. Доцца аьлча, хӏинца нохчел алсам оьрсий бара Нохчийчохь.
Цул совнаха, иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тӏамо ах боьрша нах байъинера, бахамаш хӏаллакбинера, халкъ чӏанадаьккхинера. Уггар коьртаниг: оцу тӏамо, ӏедалан къизалло, харцонаша, питанаша, йамартлонаша дукхахболу нохчий шайн хьалхалерчу оьздангаллех, собарх, ийманах бохийнера. Хьалхалера хьекъале, оьзда, майра, халкъана тешаме баьччанаш а, бӏаьхой а тӏамехь байъина а, махкахбаьхна а, белла а дӏабевллера.