Ламанан дарта йу
Хьегӏарехь тийна,
Когаш тӏех лаьтташ йу,
Тӏемаш гӏортийна,
Лаьтта дегӏ дожадар
Деза ца луш.
Мархаш кӏел хьийзаш, цо
Зама текхнера,
Турпалчу тӏемашца
Хедадеш хӏо…
М-С. Гадаев
Чермой ломахь Бийсолта вийначул тӏаьхьа, цхьана агӏор, дог кӏадделлера Зеламхин. Шен ден да, да, вежарий, шичой дийна болуш, дог кура дара цуьнан. Хӏетахь иза цхьана а халонех, бохамех, ӏожаллех ца кхоьрура. Хӏетахь ша стигалахь мархашлахь хьийзаш, оцу лакхенгара охьа лекхачу лаьмнийн баххьашна тӏе а хуий, гондӏа сирла бӏаьрг беттачу майрачу лечанах тера хетара цунна. Хӏинца вац уьш цхьа а. Хӏинца ша ший тӏам бойначу, лен чов хиллачу, ламанан чӏожа охьадоьжначу лечанах тера хетара цунна. Мацах ша тӏехула кура хьийзинчу мархашка а, лаьмнийн баххьашка а гӏийла бӏаьрг бетташ, гӏорасиз, заьӏап, кӏелдисинчу лечанах. Дог-м ду, хьалха санна, майра, къармазе, карзахе. Амма, хьалха санна, чӏогӏа дац. Кӏадделла. Гӏелделла. Даим дӏа бала бу кийрахь дог ӏуьйдуш, дог делхош.
Вукху агӏор, кийрара и бала алсам мел болу, цуьнга терра дарло цуьнан дог. Цо бекхаме кхойкху иза. Ша дуьненахь цхьалха витинчу мостагӏех бекхам эца. Шен ден да, да, вежарий, ден вежарий, гергарнаш байъинчу мостагӏех бекхам эца. Тӏаккха чӏогӏа ницкъ богӏу цуьнга, дог чӏагӏло цуьнан.
Лаьмнашкахь бохам хиллачул тӏаьхьа бутт хан йаьлла. Оцу йоццачу хенахь мукъа ца ӏийра ӏедал. Иза карзахдаьллера, Буру-гӏалара дӏа Петарбухе кхаччалц. Дийнан делкъехь Гӏизларера банк тало Зеламхин аьтто нисбалар ша дара. Цо хьалххе Вербицкийга хаам бинехь а, хьанна моьттура хӏетахь, иза, ши бӏе чаккхарма некъ а беш, герзех боьттинчу масех эзар гӏалагӏазкхашна йуккъехула чохь тӏеман йоккха гарнизон лаьттачу Гӏизлар чу гӏур ву? Ткъа инженерийн комиссина Зеламхас кӏело йийр йуйла кхо де хьалха хаьара. Шен гӏеранца иза хӏаллакван