план а хӏоттийнера, берриг кечам а бинера. Кхо сотни гӏалагӏазкхий а, лаамхойн отряд а. Операцина тӏехь куьйгалла деш ишттачу балхана зеделларг долуш, говза, майра, мекара эпсар а вара. Хӏетте а комиссина ха деш болу дошлой, салтий, некъийн масех инженер, белхало вийна, цхьана а разбойникана тӏехь мерцхалг а ца долуш, дӏавахара Зеламха. Шозлагӏа Донагуловн сотнина тӏенисвелча а, кӏелхьарваьлла. Вийна ваша а, говраш а, трофейни герз а дитина.
Кавказан наместник Воронцов-Дашков оьгӏазваханера. И гӏуллакх таллар, Зеламха шен гӏеранца хӏаллаквар, кхузара зуламаш тӏаьххьара а, гуттаренна а дӏадахар областан начальникана тӏедилла тӏеман а, ламанан халкъийн а гӏуллакхех жоьпала волу шен гӏоьнча инарла Шатилов вахийтинера наместника.
Леррина кечйинчу вагонехь Соьлжа-Гӏала веаначу Шатиловс ша волчу кхеташоне гулбира Михеев, Дегӏастана областан начальник инарла Ермолов, полковник Моргания, округийн начальникаш, участкийн пурстопаш, лакхара эпсарш, Зеламхас заьӏап винчу шен вешин чӏир йекха веана шолгӏа Донагулов.
Лекхачу дегӏара, шуьйра белшаш, йуткъа гӏодайукъ йолуш, кхузткъа шаре гӏоьрттина стаг вара Шатилов. Мацах ӏаьржа хилла корта а, цӏоцкъамаш а сирделлера. Йуьхьан чкъор сендеш, цӏена даьшнера маж-мекх. Йуьхьана болатан басахь велахь а, бӏаьргаш тӏех сийна дара. Лекхачу, шуьйрачу хьаьжа тӏера хебарш, шад хилла, цхьанхьа гулделлера. Дуткъийчу балдашка хьаьжча, ванах, и стаг цкъа а велавеллий-те олий, хеталора.
– Господа! – вистхилира иза болатах декачу озаца. Тӏаккха цо сохьтехь сов дагардира хӏокху тӏаьхьарчу масех шарахь областехь хилла зуламаш, меттигерчу ӏедалан гӏалаташ, ледарлонаш. – Иза, лераме господаш, эхь ду Россин империна, оьрсийн герзана! Массанхьа а йохург Зеламхин цӏе йу. Зеламхас некъахой, гӏаланашкара хьолахой, гӏалагӏазкхий, станцин касса, Гӏизларера банк талийна, нах йийсаре бигна, байъина. Ткъа Керкетехь цо хӏаллакбина Дагестански полкан дошлой, салтий, инженераш. Шуна шера хаьара, цигахь Зеламхас кӏело йинийла. Дошлойн кхаа сотнина, лаамхойн отрядана йуккъера а ваьлла, вахана иза. Разбойник Зеламха ша цхьаъ вац областехь