баьхьара уьш. Царна дика вевзара Зеламха. Цхьанна а вала ца лаьара.
Шедидана девзара Йовмирзин цӏа. Церан доьзал чохь ӏачу цӏа чухула хьала тхов тӏе волуш кор ду, аннех динчу негӏарца дӏакъовлуш. Масех гераг дӏа а эцна, тхов чу а ваьлла, негӏар дӏаайича, нагахь санна Зеламха цӏа чохь велахь, шена кхерам а боцуш цунна тухийла дара. Цӏенна тӏеваха Кибировгара шена бакъо йаьккхира Шедида. Кибировна зен ма ца хуьлура Зеламхас и йамарт нохчо верах. Хӏара берриг нохчий байа ницкъ белара цуьнан, цхьа а дийна а ца вуьтуш. Тӏе, Зеламха оцу цӏа чохь велахь, Шедидана а, цуьнан вешина а ӏедало ахча лур долуш а хилча. Лахь а, шен дуьхьа лийр ву иза.
Ойланийн йийсарехь велахь а, лерг сема вара Зеламха. Арахь цициг доладелча а, хаьара цунна. Тхов тӏехь цхьаммо бай ког боккхуш санна хетта, сема ладуьйгӏира цо. Шеко йацара тхов тӏехь цхьаъ хиларан. Иза Йовмирза хуьлийла а дацара. Шела вахана Йовмирза а муха хуьлу тхов тӏехь? Цӏахь хилча а, тхов тӏехь цо хӏун до? Тхевнан кора тӏе ши бӏаьрг буьйгӏира Зеламхас. Негӏар меллаша хьалаайадала дуьйлира. Тхов тӏерачу стеган куьг хир ду аьлла хеттачу хьажийна топ туьйхира Зеламхас. Тӏаккха кога эткаш йуха а ца кхуьуш, тапча гӏовталан кисана а йоьллина, патармийн гӏап коча а тесна, топ карахь бодашка иккхира.
Шедидана, аьтту пхьаьрсах хьакхалуш, йай чов йира Зеламхас тоьхначу тоьпо. Зеламха цӏа чуьра араоьккхур вуйла хууш, сихха тхов тӏера чуиккхира иза. Рагӏу тӏехьа дӏахьаьдда воьду Зеламха гина, шен чов тергал а ца йеш, тӏаьхьа топ туьйхира Шедида. Амма важа рагӏу тӏехьа къайлавелира.
Шедида тоьхначу тоьпо белшах чов йира Зеламхина. Иза варша дӏагӏертара. Цигара схьа цунна дуьхьал тоьпаш туьйхира. Тоьпан серло йуьйлучу дӏа топ йеттара Зеламхас. Цамгаро гӏелвина, иза ца вадалора. Тӏе, хьаьжкӏийн кха тӏехь хатто когаш лоьцура. Хатто когара пазаташ а дӏайаьхнера цуьнан. Йуьхь-дуьхьал догӏа деттара, бӏаьргаш делла а ца вуьтуш. Халла гӏодамийн цхьана такхорана тӏе а кхаьчна, голаш тӏе охьалахвелира иза. Дошлошна хьалха, Зеламхина герга волчу Кибировс тоьхна тапча пхьаьрсах кхийтира цунна.
Зеламхин пхьаьрсах, белшах цӏий оьхура. Хӏора минотехь дегӏан ницкъ оьшура.