Бода белахь а, цунна къаьстира дошлошна хьалхара Кибиров. Шен берриг ницкъ тӏегулбина, могашчу куьйга лаьцна, Кибировна хьажийна топ туьйхира цо. Иза шиний куьйга гай лаьцна, голашна тӏе охьалахлуш а, йуьхьар хаьрцаш а гира Зеламхина. Хӏинца дошлошна хьалхавелира кхин эпсар. Иза прапорщик Абдуллаев вара.
Зеламхе тӏаьхь-тӏаьхьа топ ца айалора. Тӏаккха гӏовталан кисанара схьайаьккхина браунинг йиттира цо, тӏаьххьарчу патарми тӏехӏотталц.
Мостагӏий, го гатбеш, гергагӏертара. Оьрсийн, нохчийн, суьйлийн меттанашкахь уьш вовшашка бистхуьлуш а хезара цунна. Хӏара гуш вацахь а, массо агӏорхьара схьа такхорашна тӏе тоьпаш йеттара цара. Зеламхина кхин а цхьа чов хилира. Оцу чевнех ша лийр вуйла а, кӏелхьарвала цхьа а некъ боцийла а хиъна, Йасин деша вуьйлира иза.
Шен мотт саццалц, Йасин дийшира цо. Мотт сецча, дагахь а доьшуш. Ша иза доьшуш, хьалхахӏуьттура ден да Бӏаьхо, да Гушмацӏа, вежарий Хаси, Солтамурд, Бийсолта, Беци, Зезаг, бераш а. Тӏаккха оцу кхойтта шарахь шеца халонаш, баланаш лайна, шел хьалха дуьненара дӏабевлла шен тешаме накъостий…
Такхорана тӏейетта тоьпаш ца совцош, текхаш герга а баьхкина, севцира мостагӏий. Шайна дуьхьал тухуш топ йацахь а, хьалагӏовтта ца баьхьара уьш. Тӏаккха уггар майрачарех масех кхин а герга текхира. Такхорана уллохь, шен тоьпа тӏе йуьхьар а вахана ӏуьллуш Зеламха гира царна. Уьш ца тешара Зеламхех. Ша велла а моттийтина, мекарлонца тешнабехк барна кхоьрура. Ца веллехь а, иза вен, шайна кхераме волчуьра дӏаваккха, шозза-кхузза цунна тӏе тоьпаш туьйхира цара. Зеламха меттах ца велира. Тӏаккха майрабевлла, тӏебахара уьш. Абдуллаев, Дослихов, Бортигов хьалха а болуш, йуьйлина тоьпаш цунна тӏе а хьажийна. Уггар хьалха Зеламхина уллохь лаьттахь ӏуьллу топ а, тапча а схьаийцира цара. Йуха шиммо меттахъхьавина, аркъал ваьккхира. Иза дийна воцийла хиъча, толаме маьхьарий девлира церан. Оьрсийн, нохчийн, суьйлийн меттанашкахь, вовшашка кхаьънаш дохуш.
Шина гӏалагӏазкхичо ша айъина вуьгуш, и толаме маьхьарий хезча, лазарша ша мел бӏарзвинехь а, йуьхь чӏачкъийна, муцӏар разйаьккхина, халла хаалуш велакъежира Кибиров. Иза хӏинца паргӏат вара. Дийна висахь а, турпал хир ву цунах, ӏожалла хилахь а, исторехь цӏе йуьсур йу цуьнан…