– Хьуьсагӏар санначарна дика ма ву оьрсийн паччахь…
– Цундела уьш цуьнгахьа бу…
– Дала мукъалахь, жоьжахатехь а цхьаьна хир бу уьш…
– Ткъа хьо, Хьомсуркъа, хьайна а, нахана а зуламечу новкъа ваьлла, и ахь йуьхьарлаьцна некъ Дала магош бац, оцу новкъахь ахь доккхуш долу рицкъа хьуна а, хьан доьзална а, цунах мел кхеттачунна а хьарам ду. Хьо къелло ваьккхина, боху ахь, оцу новкъа. Айхьа къола бусалба адамашна ца до, керстанашна, гӏалагӏазкхашна до, боху. Ткъа Дала дихкина бусалбанан а, керстанан а, муьлххачу динехь, муьлххачу къомах долчу адаман а долаллина тӏе куьг кховдор. Нехан хьакъ диъначунна, цунах пайдаэцначунна ша гечдийр дац, гечдан шен бакъо а йац, боху Дала. Мацалла леш велахь а, нехан хьакъ а, рицкъа а кхаллий, валарх кӏелхьара ма вала, боху. Нехан хьакъ, нехан рицкъа ца даа, хьакхин а, къен йеллачу бежанан а, экханан а, олхазаран а жижиг даа магадо. Мацвелла, къийвелла, гӏаддайна, хьо кӏелвиса волахь, къола ма де, сагӏа деха боху. Къола дар эхье а, къилахь а ду, сагӏа дехарх эхь дац. Вайн лулара бусалба суьйлий, шаьш къийбелча, къола дан ца богӏу Нохчийчу, ткъа сагӏа деха богӏу. Ахь буьйцучу гӏалагӏазкхаша, хьацарца къахьоьгуш, кхиош а, кхобуш а ма ду аш лечкъадо даьхни. Масех шарахь цара къахьоьгуш кхиийна даьхни а лачкъадой, уьш чӏана ма боху аш. Церан а ма ду, хьан санна, бераш. Даа а, тӏедуха а, даха а дезаш. Къа дац оцу адамийн? Кханалерчу къематдийнахь Далла хьалха а, оцу дохнан дайшна хьалха а жоп дала дезар ма ду шун…
– Оцу хьайн вешин туька йахьарна, йа Саьӏадгӏеран, Хьуьсагӏеран, Инарлагӏеран даьхни дигарна кхоьруш, цаьргахьа гӏо доккхуш, бо хир бу ахь и хьехамаш? – мохь туьйхира Хьомсуркъас.
– Аш сан вешин туька йахьарца а, вукхеран даьхни дигарца а сан гӏуллакх дац, Хьомсуркъа. Хьо санна, боьрша нах бу уьш, шайн туька а, даьхни а цара шаьш лардийр ду. Нагахь санна, шун аьтто а баьлла, аш къола дахь а, шаьш къонахий белахь, цара схьадохур ду шуьгара. Иза шун вовшийн гӏуллакх ду. Ткъа ахь а, хьо санначу кхечу нохчаша а гӏумкийн, ногӏийн, гӏалагӏазкхийн даьхни а лечкъош, талораш а деш, летийнчу къинойх а аш Далла хьалха жоп лур ду, Дала шуна тӏехь кхел а йийр йу. Со ала гӏертарг кхин ду. Нохчех даьлла