дерриг а вониг дӏайаздо оьрсийн газеташа. Къоланаш, талораш, адамаш дайар, доцца аьлча, кхечу къаьмнийн вайх безам бовр берг дерриг а. Цхьакӏеззиг дерг, дестадой, харцахьа доккхий. Амма цара йаздийриг цхьа бух боцуш ца хуьлу. Вайн цхьаболчу нохчаша къоланаш, талораш до, адамаш а дойу. Гӏалагӏазкхашна а, гӏумкашна а, ногӏашна а, луларчу кхечу къаьмнашна а. Вовшашлахь а. Ахь а, хьо санначу нохчаша а лелочу зуламаша вон цӏе йоккхуьйту дерриг а нохчийн къоман. Кхечу къаьмнашна хьалха сий дойу, нохчашка цабезам, цатешам кхуллу. Шу тайпачу наха доккха зулам до вайн халкъана. Кхозлагӏа. Къелло а, мацалло а бӏарзбина дуккха а нохчий, оцу аш йуьхьарлаьцначу, Дала ца магийначу новкъа ца бовла, Теркйистерчу гӏалагӏазкхашна йолах болх бан а, цхьана ханна мехах эцна а, йукъахь латта лело а боьлху хӏора шарахь. Царах цхьаберш, цхьана ханна кегий кӏотарш а йехкина, бехаш а буьсу цигахь. Ахь а, хьо санначара а гӏалагӏазкхашна деш долу къоланаш а, гӏалагӏазкхий байар а бахьана долуш, и хьанала къа а хьоьгуш, шайн доьзалшна сискал йаккха гӏерташ болу къен-миска нохчий цигара дӏа а лахка, церан кӏотарш а йохае, карахь йуьртдегара, пурстопера кехат доцуш а, карахь герз долуш а веана нохчо, схьа а лаций, набахти чу а таса аьлла, омра дина областан начальнико. Къа дац оцу мисканийн? Ахь а, хьо санначара а бохам ма баьккхина царна. Гена гӏиртина хӏун до вай, вешан йуьртарчу Болатан кӏантана бина бохам вайна гуш ма бу. Гой хьуна, Хьомсуркъа, оцу шайн къоланашца, талорашца, цкъа-делахь, Далла хьалха бехке хуьлу шу, шолгӏа-делахь, нохчийн къоман сий дойу аш, кхозлагӏа-делахь, Нохчийчуьра ара а бевлла, кхечу къаьмнашна йукъа а бахана, хьацарца къахьоьгуш, шайн доьзалшна хьанала сискал йоккхуш болчу нохчашна бохам бина аш. Гати-Юьртан махка тӏе лар йалийна говраш ахь лачкъийна, ца боху ас. Амма хӏокху йуьртахь вехаш къу вуйла хууш, йурт бехке йан дина хӏума ду иза. Хӏинццалц айхьа бина зуламе некъ а битий, кхиболу нах санна, хьанала къа а хьоьгуш, ваха веза хьо а…
Ӏелина хетарехь, и Хьомсуркъа кхета а, къарвала а дагахь вацара.
– Хьуна атта ду иштта ала! – мохь хьоькхура цо. – Шун долахь туька а, хьераш а, аннаш доху чарх а йу.