Ткъа цунна рицкъа латто гергарнаш бацахь, гуттар а гӏаддайнехь, сагӏа деха боху. Амма могашчу, къахьега дегӏехь ницкъ болчу стаге сагӏа ма деха, хьанал къа а хьоьгуш шена рицкъа лаха, боху.
Къоман кхетам — иза оцу къомах хӏора стага ша цхьаннан доьзалан ойла йина ца ӏаш, шен юьртан, мехкан, халкъан кхолламан ойла яр, бала кхачар, царна шен ницкъ кхочу диканиг, пайдениг дар ду. Шен доьзалан аьтто, таро хилчхьана арахьарчу адамех, халкъах сийна цӏе ялахьара бохуш, шен къоман мотт, истори, культура, гӏиллакхаш ца хууш, ца лардеш, царах дозалла ца деш оцу къомах хӏора стаг я дукхахберш хилча, и къам мелла а кхетамна тӏаьхьадисаран хьалхара билгало ю. Иштачу къоман цкъа а барт ца хуьлу, иза маьрша ца хуьлу, иза барамна шел кегийчу къаьмнех массо а агӏор дозуш хуьлу.
Вайн къам кхетамна тӏаьхьадисаран дерриге а бахьанаш дийца воьлча, дуккха а йозанаш яздан дезар ду. Царех цхьадерш вайн къоман бертаза халкъана тешаме боцчу наха кхоьллина, амма нохчийн къоман шен бехкенна кхолладелларш а дац хӏумма а кӏезиг. Тахана вайн къоме хӏиттинчу халонашна вай бехке до советски-коммунистически а, российски а ӏедалш. Уьш бехказа ца доху ас. Цунах ас яздина, лакхахь ма аллара, сайн исторически произведенешкахь а, публицистически статьяшкахь а. Амма вайн къоман кхетам лахара хиларна, цуьнан бехкенна хилла бохамаш а бу.
Хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь нохчийн халкъера а, цо хаьржинчу ӏедалера а цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, нохчийн исторехь цкъа а дуьйцу ца хезна акха, къиза зуламаш даьржина вайна юкъахь. Дӏа ког мел баьккхинчохь го герз карахь буьйлабелла лела кегийрхой. Къоланаш, талораш. Адамаш дойу, лечкъадо. Мехкарий лечкъабо, сийсазбо. Адамех йохк-эцар йо. Нохчийн къомах нах бу и акхаралла лелораш.