Мелла а жамӏ деш аьлча, кху тӏаьххьарчу шерашкахь гучудаьлла нохчий бусалба динан некъа тӏера галбовлар, нохчийн къоман оьздангаллех бохар, вай вешан къоман кханенан ойла еш цахилар а.
Цуьнан къеггина билгало ю кху тӏаьххьарчу шерашкахь вайн бераш доьшуш цахилар, цара цадешаран я ӏедалан а, я халкъан а бала цахилар. Вайна я бусалба динан а, я дуьненан а ӏилманаш ӏамо цалаар, иза луучеран таронаш, аьттонащ а цахилар. Цигахь йоллу вайн къоман дакъазалла.
Муьлхха а къам, пачхьалкх а беа бӏогӏамна тӏехь лаьтта — дешаран, могашаллин, культуран, экономикан а. Царех коьрта-ниг дешар ду. Дешар — къоман хьекъалан, кхетаман, культуран, хьолан а хьоста ду. Тӏекхуьучу хӏора тӏаьхьено ӏилма ца ӏамийча, цунна ца хаьа шен къоман дӏадахнарг, дуьненахь хил-ларг, долуш дерг, шен къоман тӏехиндерг муха кхолла деза а. Дешар ца дешча къоман ӏилманчаш, белхан говзанчаш, лоьраш, хьехархой, экономисташ ца кхуьу. Лоьраш ца хилча, къоман могашалла ца ларло. Ӏилманчаш ца хилча къоман мотт, истори, культура ларлур яц, культура, экономика а кхиалур яц. Де-шар ца ӏамийча, къам кхетамна бӏаьрзе дуьсу. Кхетамна тӏаьхьадисинчу, дегӏ могаш доцчу къоме шен йозуш йоцу пач-хьалкх кхоллалур яц, кхоьллича а иза ларъян ницкъ хир бац. Иштта халкъ цкъа а маьрша хир дац, иза даима дозуш хир ду кхетам лакхара болчу, экономически кхиъначу, цивилизо-ванни къаьмнех.
Дуьненан юкъара шолгӏа тӏом хилла хан дагайогӏу дуккха а нахана. Ткъа тӏекхиъначу тӏаьхьенна цуьнан истори йоьшуш хаьа хӏетахь адамаша лайна халонаш, баланаш, бохамаш а. Тӏеман оцу халачу шерашкахь цхьана дийнахь а ца совцуш болх беш яра школаш, больницаш, культуран, ӏилманан учрежденеш, поч-та, зӏе. Тӏамна кӏелхьара мехкан малхбале республикашка, обла-сташка кхалхийначу адамашна уггар хьалха церан могашалла ларъян больницаш а, берашна деша школаш а схьайоьллура.
Нохчийчохь тӏом бац. Халкъе хӏоьттина мацалла а яц. Вай нохчийн къоман йозуш йоцу, маьрша бусалба пачхьалкх кхул-луш ду бохуш кура, даккхий хабарш дуьйцуш а лела нохчий. Амма вайн бераш доьшуш дац. Уьш го сагӏа доьхуш, вахочу маларех, цигаркех йохка-эцар еш а. Деш хӏумма а доцуш буьй-лабелла лелаш а.