Зуда йита лакхахь дийцинчех цхьа бахьана хила деза. Юьтуш хилча, цхьацца бутт юкъа а болуьйтуш, кхузза йита боху шариӏато /2 сура, 229-230 аяташ/. Цхьанаметта кхузза йитар ца магадо.Хан юкъа а йолуьйтуш зуда кхузза йитаран масех бахьана,маьӏна ду. Цкъа-делахь, ойла ян, дохкодала, барт хила хан хуьлу цаьршиннен. Пӏолгӏа-делахь, зуда дегӏах доьзалхо хьарчаза цӏена хиларан къастам бан хан хуьлу. Кхозлагӏа-делахь, шиннен а нахана цаьршинна юккъехь барт, машар бан, доьзал бухучух кӏелхьарабаккха хан хуьлу /2 сура, 228 аят/. Амма, шозза йи-тича а и шиъ дохко ца далахь, цаьршинна юккъехь машар ца хилахь, кхо бутт баьлча, кхозлагӏа йитича иза гуттаренна а йита-ло, майрачунна юха ца кхочу. Тӏаккха и зуда кхечу стаге маре а яхана, цо йитина цӏа яийтича, хьалха хиллачу майрачунна юха цхьаьнакхета лаахь, дуьххьар ялош санна, там-мах беш цхьаь-накхета бакъо ю /2 сура, 230 аят/. Кхозлагӏа йитталц майра-чун кертахь ӏен бакъо ю зудчун, амма вовшашца цхьана а тайпа юкъаметтиг а йоцуш. Оцу хенахь цунна кхача а, духар а кхин дерг а латто декхар ву майра.
Зуда а, майра а дӏасакъаьстачу гӏуллакх даьлча, цаьршин-на цхьатерра бакъонаш ло шариӏато. Уьш лакхахь дийцинехь а, юха а карладоху ас. Шиннах цхьаъ вукхунна ямарт, зина лелош делахь а; шиннах цхьаъ доьзалхо цахиларна бехке делахь а; шиннах цхьаъ эсах даьлла делахь а; шиннах цхьаъ бӏаьрзе делахь а; шиннах цхьаьннан дарба доцу цамгар елахь а; шин-нах цхьаьннан цхьаьна ӏен ца мегаш ӏоврат сакхт елахь а; май-рачух дӏакъаста зудчунна бакъо ло, нагахь санна майра барамал тӏех верстина велахь а.
Царал совнаха, зудчунна а, майрачунна а дӏасакъаста бакъо ло, нагахь санна шиннах цхьаъ мел аларх, дехарш дича а, кхера-маш тийсича а Далла ӏамал еш дацахь. Нагахь санна, зудчунна а, майрачунна а юккъера безам, марзо, барт а юхаметтахӏуттур боцуш боьхна дӏабаьллехь, иза юхаметтахӏотто цаьршиннен гер-гарчийн ницкъ ца кхачахь. Тӏаккха и шиъ шаьш а, доьзал а ӏазапехь ца латто, цаьршинна дӏасакъаста бакъо ло шариӏато.