На-гахь санна, зуда доьзалхочуьнца елахь, цунах иза паргӏат яллалц цунна оьшург а латтош иза хьайн хӏусамехь кхаба, ткъаЯ иза доьзалхочух маьршаяьлча, шаьшшиъ цхьаьнакхеташ хилла-Я чу бартаца зудчунна дала тӏелаьцна урдо, кхидолу совгӏаташИ /ахча, мотт-гӏайба, даьхний, кхин ерш/ иза реза еш дӏа а луш, шиъИ стаг теш хӏоттош, йита боху /65 сура, 1,2,4-7 аяташ/. Дейтта-И пхийтта шо кхаччалц бер нанна кхачадо шариӏато, нагахь саннаЯ иза иманехь кхетош-кхио ненан таро елахь. Оцу хенахь беранаИ оьшург латтор майрачунна тӏедожадо. Алименташ эр ду-кх царах.
И нохчаша, шаьш зуда юьтуш, и лакхахь дийцинарш цхьа а тергалдеш дац. Дукхахьолахь тешаш боцуш а юьту зуда. Иза дуьхьал а йоцуш, хабар тухий а, кехат яздой а юьту. Цкъа я цхьана метта кхузза: «Ас сайна хьарам йина, нахана хьанал а йина йити хьо», — олий а юьту. Иштта йитина зуда шариӏатехь йиталуш яц, иштта йитина зуда маре гӏахь, шен хьалхалерчу майрачун цӏера тӏехь а йолуш йоьду, иштта маре хьарам зина лору.
Доьзалехь цатарбалар, ваьснаш, девнаш, зудий, майрий къас-тар а, дукхахьолахь, маларна тӏера дӏадолалуш хуьлу. И малар а дукха эвхьазадаьлла нохчашлахь. Хӏинца болчу баккхийчу нахах 10-20 процент белахь кхин хир бац къоначу хенахь а, къе-налла герга гӏортталц малар малаза. Да молуш хилар боккха бохам бу доьзална. Иза ца дийцича а вайна хууш ду. Дала хьа-рам дина вахош долу малар молу стаг волчу хӏусамехь цкъа а иман-беркат, оьздангалла а хирг цахилар вайна даима схьадуьй-цуш ду. Амма, кхин цхьаъ ду цкъа а вай ца дуьйцуш я ойла ца еш. Медицинин ӏилмано теллина, чӏагӏдина ду алкоголикех, нар-команех а дуьнена ваьлла доьзалхо дегӏаца, хьекъалца я кхе-тамца цхьа сакхт доцуш ца хуьлу, аьлла. Иманехь муха хир ву и доьзалхо?
Зудчунна а, боьршачу стагана а цхьатерра дихкина зина, цаьр-шинна цхьатерра таӏзар а гайтина /24 сура, 2 аят/.