Нохчийчухула цунна тӏегӏерта оьрсийн эскарш сецадора. 1839-чу шеран августехь шайна гӏо деш виъ эзар гергга дегӏастанхо а волуш оьрсийн эскарша Ахульго дӏалаьцча, шеца ворхӏ накъост а волуш шен доьзалца Шемал ведда Нохчийчу веъча, лакхахь цӏераш яьхначу нохчийн баьччанаша тӏелецира иза. Ӏ840-чу шарахь Нохчийчохь юкъара гӏаттам болабелча лакхахь цӏераш яьхначу баьччанех муьлхха а имам хила хьекъал, ӏилма, доьналла долуш воллушехьа, нохчо ца харжа, Шемал имамхаьржира нохчаша. Цул тӏаьхьа, пхи-ялх шо далале, нохчийн оцу къонахойх цхьа а дийна ца висира. Шоӏип-молла, Удди-молла, Домби нохчаша шаьш байира Оьздамар нохчаша тӏелаьцначу гӏумкийчо вийра, биснарш тӏамехь байира, я цамгарх кхелхира.
Заьӏапхо хилча а ца соцуш, къанваллалц шен къоман маршонехьа къийсина Бойсагӏар, уггар хала киртиг тӏехӏоьттича, массара дӏа а тесна, шен доьзалца цхьа висча, йийсаре вигна Хасин-юртахь ирхъоьллира.
Цуьнан а тӏехӏотта кошан барз бац.
Оьрсийн гӏарабевллачу инарлийн Граббен, Воронцовн эскарш-на тӏехь толамаш баьхна гӏараваьлла ши полководец вара цӏонтаройн Шоӏип-Молла, шелахойн Тӏелхаг а. Цаьршиннен тӏеман тактика тахана а ӏамош ю Россин тӏеман академешкахь. Шоӏип-Молла шен цӏонтароша вийра. Тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа, 60-чу шерийн юьххьехь, цамгарх дӏакхелхира Тӏелхиг. Иза дӏавоьллинчу буса цхьана наха кошара схьадаьккхина цуьнан дакъа, цуьнан доьзалан цӏийнан неӏарна арахьа тӏе а тов-жийна, дӏахӏоттийнера. Ӏуьйранна доьзало неӏ схьайиллича, цӏа чу охьадоьжнера Тӏелхиган дакъа...
Нохчашна дага а ца вогӏу шайн заманахь Россин тӏеман исторехь гӏараваьлла и ши полководец.
1877-чу шарахь хиллачу нохчийн гӏаттаман куьйгалхо 26 шо хенара къона ӏаьлбаг-Хьаьжа, гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа ша бахьанехь халкъ ца хьийзадайта, шен лаамехь ӏедална тӏевахара.-ӏедало ша ирхъуллур вуйла хуъушехьа. Ша тангӏалкхашна кӏел вига тӏевеанчу эпсарна мийра тоьхна цергаш яьхна, цхьаьнг-ге а шех куьг ца ӏуттуьйтуш, вахана гӏанта хьала а ваьлла, ша-шен логах муш а тесна, ша ког тоьхна кӏелхьара гӏант дӏа а харцийна, ирхъоллавеллера иза.