Ӏаьлбаг-Хьаьжин а, Соьлжа-Гӏалахь цуьнца цхьаьна ирхъоьл-линчу нохчийн шийтта турпалхочун каш дац, уьш дӏабоьхкина меттиг а ца хаьа нохчийн халкъана. Россехь а, гена мехкашкахь а цӏе йоккхуш нохчийн къоман турпалхо вара Харачойн Зеламха. Нохчаша шаьш ямартлонца вейтира иза. Дийца воьлча нохчийн исторехь дукха ду и тайпа масалш.
Кхечу къаьмнашца цхьа а тайпа хьагӏ яц сан, цаьрга боккха лерам а бу сан. Дуьненахь цхьа а зуламе, вон къам дац, амма массо а къаьмнех зуламхой бовлу. Дуьненара дерриге а къаьмнаш цхьана Дала кхоьллина. Цхьана заманахь Нохчийчу, нохчийн къомана тӏебаьхкина, цо тӏелецна нах вон хилла ала а ца гӏерта со. Со ала гӏертарг кхин ду.
Шен къонахой дӏа а тоьттуш, уьш сийсазбеш, уьш ца ларбеш, кхечу къаьмнех нах коьрте а хӏиттош, хӏунда даьхна вайн халкъ? Вайна вешан къонахой хӏунда ца бевза, уьш коьрте хӏунда ца боху, цаьрга ла хӏунда ца дугӏу, уьш хӏунда ца ларбо? Вайна къонахчунна — къонах ву, дикачунна — дика ву, хьекъалечунна — хьекъал долуш ву ала хӏунда ца лаьа. Шечул алсам сискал, бахам берг, шечул дика хӏусам ерг хӏунда ца веза? Вайн вовшашца ӏ хьаьънаш хӏунда ю, барт хӏунда ца хуьлу?
Суна хетарехь, хӏокху XX-чу бӏешеран юьххьерчу муьрехь нохчашлахь коьртехь хьекъал, ӏилма а, доьналла а долуш стаг вара Эльдарханов Таьштамар. Тифлисехь хьехархойн инетитут а яьккхина, нохчийн халкъ дешаран серлонга даккха гӏерташ болх а бина. Теркан областерчу къаьмнаша Пачхьалкхан Думе депутат а хаьржина, цигахь ӏаламат хьекъале, чулацаме къамелаш дина. Революци хилча цхьана а партина юкъа ца вахара иза. Амма Нохчийчохь, Къилбаседа-Кавказехь хиллачу политически хиламашкахь жигара дакъалецира цо. Цкъа Горски Республикан серлонан министр вара иза, тӏаккха цуьнан ЦИК-н председатель. Тӏаьхьа Нохчийн Автономин область кхоьллича цуьнан ревкоман председатель, тӏаьххьара. а нохчийн къоман хьалхарчу съездо областан ЦИК-н председатель хаьржира иза.