Бакъду иза, советски-коммунистически ӏедало шен генна йоьл-хучу политически, идеологически ӏалашонашца СССР чохь де-хаш долу дерриге а къаьмнаш, цхьа гуьржий, эрмалой а боцурш, оьрсаша лелочу кириллица графика тӏе бахар. Ткъа къаьмнаш-на цунах зулам а ца делира. Ткъа и шен политически, идеоло-гически а ӏалашонаш кхочушъеш советски-коммунистически ӏедале пайда эцалур бара йозанан муьлххачу а графикаца. Ал-фавит, йоза — иза адамийн кхетаман, хьекъалан ойланаш дӏаязъяран гӏирс бен бац. Алфавитан ницкъ бац стеган кхетам, ойла, динах тешар хийца, къоман культура, гӏиллакхаш хий-цийта. Нагахь санна, латиница тӏе девлча, хӏара тахана халкъа-на тӏе хӏиттина халонаш дӏаевр йолуш хилча, галдевлла гӏуллакхаш нислург хилча, вай-м сихха хуьйцур яра йозанан графика. Амма оцу гӏуллакхо йолчу тӏе а алсамйохур ю и халонаш.
Оцу шина-кхаа ӏилманчо латиница тӏехь кхоьллина вайга схьагойту алфавит цхьана а лартӏехь дац, иза хӏинца вайна юкъахь лелош долчул ӏаламат чолхе а, деша а, яздан хала а ду. Оцу алфавитаца арахоьцу «Маршонан аз« газета цхьаммо а ца доь-шу. Нагахь санна кхечу мехкийн меттанаш ӏаморхьама вай ла-тиница тӏе довлуш делахь, уьш ӏамо луурш а, уьш оьшург а вайн цхьа процент белахь, кхин хир бац. И меттанаш хаар оьшу ӏилманчашна а, гочдархошна а, бизнесменашна а, цхьацца кор-маталлин говзанчашна а. Бакъду, хӏинца зударий а цхьаьна вай дерриг а кхечу пачхьалкхашкахула совдегаралла лело доьлла, церан дуьхьа вай графика хийца гӏертахь, и ша ду.
Молдаванаш, Советски Союзах схьатохале, масех бӏешеран дохалла шайн йоза-дешаран графика латиница йолуш хилла. Церан масех бӏешеран истори а оцу йозанца язйина. Молдава-наш, румьшаш а цхьана цӏийх, цхьана динехь, юкъара цхьа мотт, культура а йолуш ши къам ду. Шайн аьтто хилахь, шина а къоман юкъара цхьа пачхьалкх кхолла ойла йолуш а бу.