Хетарехь, хенан йохалла изза дан тарло шайн пачхьалкхаш йолчу казахаша, гӏиргӏазоша, узбекаша, туркменаша. Иза дан церан аьттонаш, таронаш а ю, иза дича царна пайде а хир ду.
Латиница графика лелочу керста къаьмнашца цхьа а тайпа юкъара хӏума дац нохчийн къоман. Ткъа туркошца вайн юкъа-ра дерг деккъа цхьа бусалба дин ду. Архивашкара нохчийн къо-ман историх дерриге а документаш, нохчийн къомах лаьцна ша-дерриге а оьрсийн маттахь, кириллицан графикаца яздина пач-чахьан а, советски а заманахь. Нохчийн маттахь язбина берриге а талламан, кхоллараллин белхаш а, официале документаш а оцу графикаца ду. Нагахь, вай кхин ойла а ца еш, латиницан графи-ка тӏе довлахь, вайн къоман тӏаьхье и белхаш беша а ца хууш бӏаьрзе хир ма ю. Хӏета, лаахь а, ца лаахь а, тӏейогӏучу заманахь а оьрсийн графикаца йоза-дешар ӏамо дезар ду вайн къоман. Къилбаседа-Кавказерчу къаьмнашна юкъара дӏа а къаьсти-на латиница тӏе девлча, церан махкахь кириллица графикаца яздина йозанаш деша хаа ца деза вайна? Цаьрга муьлхачу мат-тахь къамел дийр ду вай?
Английски, французски, немецки,испански,туркойн метта-наш хууш хир буй оцу къаьмнех болу нах? Мел ца лаахь а оьр-сийн мотт ӏамо дезар ду, хӏунда аьлча Союзехь даьхначу къаьм-наша шайн юкъаметтигаш лело и мотт ӏамийна, иза лелаш а бу. Оьрсийн мотт ӏамо безаш хилча, иза язбина алфавит ӏамо а дезар ду.
Ӏаьрбийн йоза-дешар ӏамор, ӏаьрбийн мотт ӏамор, хаар а дика ду. Хӏунда аьлча, оцу маттахь доссийна Къорӏан а, оцу маттахь яздина бусалба динан ӏилманаш а. Нагахь латиница тӏе довлахь, вай кхоъ йоза-дешар ӏамо деза: ӏаьрбийн,, латиницан, кирилли-цан. Ткъа хӏинца йолу графика вайна юкъахь 55 шарахь лел-лехь а, йоза-дешар ца хууш дукха нах бу вайн. Юккъера школа чекхъяьккхинчарех лаххара а 90% я нохчийн, я оьрсийн мет-танашкахь нийса яздан а, деша а ца хууш бу. Оцу хьелашкахь долу вай, хӏинца латиница тӏе девлча хӏун хир ду вайх? Вайн къоман кхетам, мотт, культура кхиар лаххара а 50-100 шарна тӏаьхьадуьсур ду, цул дехьа даьлча хиндерг а шеконехь дуьсу. Цул, хӏинца лелаш долчу алфавитера масех шалха элпаш а хий-цина, ӏадда хӏунда ца дуьту?