Вайна оьшург иза а, ӏаьрбийн йоза-нан а ши графика ю, стенна оыиу вайна совнаха бала?
Юха а хаттар хӏутту: стенна йоху вай кхечу къаьмнашна юккъехь массо гӏуллакха тӏехь хьалхеш? Царел хьекъал, кхе-там лакхабаьлла ду вай?
Лакхахь ма-аллара, графика хийцарна дуьхьал, латиница тӏе девлча цунах пайда хир бацарна дуккха а хьекъале бахьанаш далош зорбанехь аьлла вайн гӏарабевллачу ӏилманчаша, яздар-хоша, хьехархоша, искусствон белхахоша, нохчийн къоман мет-тан, культуран кхолламан бала болчу бӏеннаш наха. Цунах лаьц-на ас а леррина яздира сайна хетарг / «Сихалла — бохаман накъост», «Даймохк», 26 февралъ, 1992 шо /, доцца аьлча, сайн кхечу статьяшна тӏехь а. Оцу хьокъехь оха, 17 ӏилманчо а, ялх яздархочо а кехат яздира парламенте / «Пагубные эксперимен-ты», «ГЧР», 17 февралъ 1993 шо, № 14/. Амма тхан орца ца хезаш дисира вайн парламентана.
Паччахьан Россис ламанхошна дуьхьал латтийна харцонан тӏом а, колониальни къиза ӏазап а, ямарт политика а ӏорайохуш 132 шо хьалха оьрсийн демократа Н.А. Добролюбовс шен цхьа- на статья тӏехь далийна доккха маьӏна долуш дешнаш ду нох- чех лаьцна: «Россихь цхьаболчара ламанхой чӏогӏа хестабо, церан майралла, хьуьнарш, оьздангалла, къинхетамалла, хьаша тӏеэцаран гӏиллакхаш а дуьйцуш. Кхечара боху, уьш муьлхха а цивилизованни азиаташ санна акха, ямарт, стешха, ахчанна сутара адамаш ду. И ши тайпа хабарш дуьйцучарна ши тайпа ламанхой гина: хьалхарчарна — бакъболу цӏена ламанхой, шолгӏачарна — вайна юкъабогӏуш, вайца юкъаметтигаш лелош галбийлла кӏеззигниш. Хууш ду, массо а заманахь, массанхьа а керла цивилизаци тӏеоьцучу юххьехь муьлххачу а халкъо оцу цивилизацин коьртаниг, диканиг, кӏоргге тӏаьхьало ерг тӏеэцарал хьалха вониг, сонтаниг зуламениг, тӏехуларниг схьаоьцуш хилар. Дагадаийтал, Петр Великин заманахь дуьйна схьа оьрсаша европейски культура муха тӏеэцна! Адамашна вониг, сонтаниг, зуламениг схьаэца лаар а дац иза. Цивилизацин тӏехула гуш дерг вониг, боьханиг, сонтаниг цхьана масех сохьтехь атта схьаэцало, къа а ца хьоьгуш.Ткъа цуьнан коьртаниг, кӏорге ерг, оьзданиг, дахарехь тӏаьхьало хир йолу пайдениг схьаэца стагана хьекъал, кхетам, собар, дуккха къахьегар а, хан а оьшу.