Хӏара къамел дешча, кхета луург, кхета хьекъал дерг кхетар а вац те, галваьлларг нисвала а гӏоьртар вац те, адамаша тахана вайга хӏоьттинчу хьолан а, кханенан а, тӏейогӏучу заманан а, къоман кхолламан а ойла йийр яцара те аьлла долийна ас.
Массо а заманахь хьекъале, кхетаме, оьзда, къинхетаме, доь-налле, собаре къонахой хилла нохчийн къоман. Тахана а болуш а, вайн къам мел деха хир болуш а бу. Кӏорггера бусалба динан ӏилма а, дуьнена-ӏилма а долуш ӏилманчаш а, пачхьалкхан, по-литикан, тӏеман, ӏилманан, культуран деятельш а бу. Къоман дуь-хьа къахьега а, халонаш лан а, цуьнан дуьхьа шайн синош дӏадала а кийча. Къона а, къена а, наной, мехкарий а. Хӏокху къамелан юьххьехь ас ма-аллара, вайн къоман галдаьлларг — иза кхетамна тӏаьхьадисар хета суна. Юха а олу ас, цунах шу нийса кхета деза. Нохчийн къам хьекъале хилар цуьнан ерриг а историс гайтина. Амма хьекъална а, кхетамна а юккъехь йоккха башхо ю. Стаг мел хьекъале хиларх цунна бусалба динан кӏоргенаш евзар яц, нагахь санна, цо ӏаьрбийн йоза-дешар, мотт аӏамийна, Къорӏан, жайна а ца дешча. Хьекъале хиларх стагах математик, физик, геолог, химик, лор, инженер, кхин, кхин а хир вац, цо оцу говзаллин ӏилма ца ӏамийча. Мел хьекъалечу стаге хӏаваан кема лаьттара хьалаайдалийталур дац, цуьнан говзаллин ӏилма ца ӏамийча. Кхетам ӏилмано луш бу. Ӏалайсалам, вайн Пайхама-ра дукхазза а олуш хилла ӏилма ӏамаде. Хьо аганара гӏеттичхьана дуьйна, кошан лахьти чу верззалц ӏилма ӏамаде. Ӏилма хуург дуьненан цхьана йистехь, Китай махкахь велахь а, иза волчу агӏой, цуьнгара ӏилма схьаэца, баьхна цо. Хӏунда аьлча, ӏилмано стагана кхетам ло, цуьнан хьекъал кӏаргдо, шордо.
Бӏешерийн дохалла вайн къомана тӏехь лаьттинчу. тӏемаша, бохамаша, баланаша, халонаша цуьнан аьтту ца хилийтина бу-салба динан а, дуьненан а ӏилманчаш ӏаморца шен кхетам ла-кхабаккха а, ларбан а. Оццу бахьанашца къоман дуккха а дика-ниг, оьзданиг, къинхетамениг дӏадаьккхина, къоман барт бохий-на, хӏора стаг дерриг а къоман кхолламан ойла ца еш, шен-шен ойла ян ӏамийна.