Нисдала, къоман цхьаалла, барт, оьздангалла, сий меттахӏотто дуккха а некъаш ду, нагахь санна оцу некъашца вайна даха лаахь.
Уггар хьалха — тукхамаш, тайпанаш, гараш, вирдаш къестор а дитина, ярташкара хьала пачхьалкхан лакхарчу куьйгалхош-натӏе хьалакхаччалц яртийн, бахамийн, маьждигийн, школийн, хьуьжарийн, лакхарчу дешарийн, пачхьалкхан ерриге а органийн а коьрте къоман кхолламан бала болуш, къомах дог лозуш, къо-мана тешаме, ӏилма долу, хьекъале, оьзда, доьналле, цӏена нах харжар, хӏиттор а, къоман кхоллам церан кара дӏабалар а.
Адам шайна луург, хетарг, хазделларг лело кхоьллина дац. Адамийн дахар, кхоллам а вовшех бозуш бу, цундела муьлххачу юкъараллехь, муьлххачу пачхьалкхехь лелаш масседран а юкъа-ра, хӏорамма а, массара а кхочушдан дезаш Далла хьалха де-кхарш а, пачхьалкхан законаш а, адамаллин гӏиллакхаш а ду. Уьш талхочарна, кхочуш цадечарна, зуламхошна таӏзарш дан, адамийн, юкъараллин бакъонаш, кхерамазалла ларъян кхоьлли-на пачхьалкхан ницкъаш бу — эскар, полици, прокуратура, суд, набахтеш, лагерш, кхин, кхин а. Халкъ бусалба динехь чӏогӏа нисделла бохучу туркойн, ӏаьрбийн, бусалба кхечу пачхьалкхашкахь а.
Вайн къоман барт хила а, зуламех цӏандала а, машаре маьр-ша даха а лаахь, нийсо а езахь, Дала бусалбанашна тӏедехкина декхарш а, пачхьалкхан законаш а, къоман оьзда гӏиллакхаш лера а, лардан а, кхочушдан а деза вай. Уьш, уггар хьалха, шаыл лера а, лардан а, кхочушдан а, халкъе лерийта, лардайта а, кхо-чушдайта а декхарийлахь бу лахара хьала лакха кхаччалц пач-хьалкхан, ӏедалан коьрте халкъо хаьржина а, я халкъо хаьр-жинчу ӏедало хӏиттийна а нах. Оцу наха шаьш пачхьалкхан законаш талхош хилча, динадайша нахана бусалба динан хьеха-маш а беш, ткъа шаьш оцу бусалба динан некъашна нацкъар буьйлуш а хилча, халкъ нислур дац. Нагахь санна, цара законаш а, бусалба дин а ларахь, галваьллачунна пачхьалкхан законашца догӏу таӏзар а дахь, тӏаккха хир ю вайна маршо а, нийсо, тӏаккха хир бу вайн махкахь машар, барт а.