хьовсийна, чувеанчу хӏусамдега.
Шахьболата, резавоцуш, корта хьовзийра.
– Хьалхалерчех тера бац. Суна хетарехь, ма-боьлххура Іаьлбаг-Хьаьжина тӏе гӏур бу цхьаберш. Йа, шаьш цунна муьтӏахь хилар хоуьйтуш, векалш хьовсор бу.
Лакха пенах чиркх билла йаьккхинчу терхи тӏера схьаэцначу масех зӏок йолчу доккхачу догӏанца тӏе а вахана, сонехь лаьтта тӏехула эчиг оьзна тӏорказ схьа а диллина, цу чуьра белшаш тӏехь прапорщикан погонаш а, хьалха кхозуш шиъ мидал а йолу ал исхаран бустамашца кечдина чоа тӏедуьйхира Шахьболата. Тӏаккха, тӏе а вахана, хаза бустамаш дохуш кечбинчу чола куза тӏехула кхозучу герзашна йукъара къастийна, детица кхелина тур коча а тесна, шалго тапча доьхкарх йоьллира цо.
Капитанна ца йеза нафталинан хьожа йаьржира чохь.
– Ахь хӏун до, Шахбулат? – цецвелира иза, шен хӏусамден кечвалар лаа доцийла хиъна.
– Маьждиган майдана волу со. Адам ду цига гулделла. Цхьа доьхнарг лело а эхь дац царна.
– Со а витина, ваха воллу хьо?
– Хьо ца оьшу цигахь.
– Ой, хӏинца цкъа хӏокху Ножин-Юьртан участкан пурстоп ма ву со. Сан бакъо ма йац, иштта киртиг тӏехӏоьттича, зуда санна, кху чу а хиъна Іен.
Шахьболата, доккха са а даьккхина, куьг ластийра.
– Уьш дуьтур вай, Павел. Даим ца хуьлу декхарш кхочушдан аьтто. Хӏинца цкъа коьртаниг хьан корта кӏелхьарбаккхар ду. Вайшинга кхузахь ӏедал латталур ду бохург хьехочуьра дӏадаьлла.
– Сан бакъо ма йац…
– Йац, дера, вайшиннен а йац. Цул а, пурба лохьа суна, Павел, хӏусамден декхарш кхочушдан. Цхьана хьерваьллачо, схьа а иккхина, хьуна зулам дахь, сан ворхӏе тӏаьхьенна тӏехь эхь дуьсу. Ӏедална хьалхара сан жоьпалла-м хьехор а дацара ас.
Капитан воьхна хьаьвзира. Эккха кечйелла хӏара йурт сацо шегахь ницкъ боцийла а, цига ша вахча, нах марсабовлар бен, кхин маслаӏат хила агӏо йоцийла а шера хаьара цунна. Цкъа-делахь, тӏеман ӏедало участкана коьрте хӏоттийначу цуьнан бакъо йацара, даӏам санна, кху чу а воьлла ӏан. Шолгӏа-делахь, цунначул кӏезиг кхерам бацара оцу зӏуганийн бена тӏе воьдучу хӏокху воккхачу стагана а. Амма иза а бакълоьра. Нохчийн гӏиллакхехь цо жоп лора хьешан коьртах. Ӏедало, мел тӏехдаьлча а, цунна ден дерг гӏуллакхера дӏаваккхар а, чинах