вохор а дара. Хӏусамдас ма-аллара, кхерамениг кхин дара – цӏенна тӏехь эхь дар. Цундела ца лаьара капитанна хӏусамдас хьаькхначу сизал тӏехвала.
– Амма ахь са ма гатделахь, – элира Шахьболата, неӏаран тӏам схьа а лаьцна. – Сан кӏентий, вешин берашший дийна а долуш, кху керта ког буьллур бац хьуна цхьаммо а.
Шахьболат маьждиган майдана кхаьчча, и гу дӏалаьцна хӏоьттина адам дара цигахь. Йуьртахь дуьйцург хӏор а сохьтехь шена тӏекхачош хиллехь а, гӏуллакх иштта генадаьлла хир ду ца моьттура Шахьболатна. Геннара дуьйна махо цунна тӏекхоьхьура шовкъе хиллачу адаман гӏугӏ. Говрашкахь а, гӏаш а дӏахӏиттинчу нахана йукъахь расхачу динахь цхьа бере воллура, куьйгаш дӏаса а туьйсуш, мохь бетташ къамел деш.
– Ас хоьтту шуьга, билтой, шу стенга ладоьгӏуш Іа? Йа тхо толаре, йа тхо эшаре ладоьгӏу аш, тоьллачаьргахьа довла? Сила йолчу Нохчамахкахь зандакъойн а, билтойн а ши тайпа ду-кх йуьстахдаьлла ӏийриг. Зандакъой севцца, Кешанехь лаьттачу кхузткъа салтичух кхерабелла. Билтой а бац, кху Ножин-Юьртахь гӏаж санна висинчу пурстоьпах кхоьруш, меттахбовла баьхьаш. Нагахь имам ӏаьлбаг-Хьаьжа паччахьан эскаршка эшалур ву шуна моттахь, и аьттан цӏоганехьа а дац шуна… Туркошца тӏаме хьовсийна паччахьо шен дерриг а эскарш. Оха толам баьккхича, шу тхоьгахьа довлар тӏаьхьа хир ду. Амма ас ца элира ала дац шуна, тӏаккха, оцу Делан лаамца, оха дан дезарг дийр ду шух.
Тобанна йукъахь маьхьарий девлира къамелхочунна дуьхьал а, цуьнгахьа а. Къамелдинарг дӏа а хилош, цунна улло хӏоьттинчу беркъачу хьаьрсачу беречо, чӏу санна, дуткъа куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира:
– Ладогӏа, нах!
– Ладогӏа!
– Со зандакъо ву. ХІокху лаьттачу Нурхьаьжас тхан тайпанна йина ӏоттар цхьана агӏор тӏелоцу ас. Ӏаьлбаг-Хьаьжа тхан зандакъо ву, амма тхо доцчу массо тайпано иза къобалвина. Цхьабакъду, массо зандакъо ца сецна шайн зударийн кучан йаххаш лаьцна. Тхан массо йуьртара мелла а нах бахана цуьнца. Таханлера де къонахий къаьста де ду.
– Ткъа зандакъой стенга ладоьгӏуш Іа? – хаьттира Нурхьаьжас.
– Ма-дарра аьлча, къонах, тхуна атта дац, «хӏуьск» ма-эллинехь, тоьпаш кара а лаьцна, аралелха. Кешанерий, Буртӏанайрий тхуна тӏе а