хье тӏе девлира. – Къинхетам беха даьхкина шу? Тӏаьхьадисина шун дехар. Хьалххе ойла йан йезара. Къамкъарг малйича, магац шу. Бехкечарна къинхетам бац сан.
Леррина Чомакхе ла а доьгӏна, инарлехьа дӏавирзира воккха стаг.
– Тхо бехке дац хиллачунна, ала цуьнга, – хьалхачул шого вистхилира иза. – ӏедал а ду къиза. Цо дуккха а харцонаш йина тхуна тӏехь. Тӏейеттачу налогаша чӏанадаьхна тхо. Керлачу йалташна дуьхьал бахалац наггахь доьзал а. Къоьлло, къизалло бӏарздинчу адамашна йукъахь нисбелла собар кхачийнарш. Цаьрга сатохаделлехь, дика-м хир дара. Ца тохаделла-кх. Цхьа йист йоцуш хӏумма а ма дац. Зулам ӏедалехьара схьадаьлла. Хӏетте а, бехк тхуна тӏехь буьсу. Инарлин ницкъ бу тахана цхьана дийнахь хӏокху Нохчмахках чим бан. Иза цуьрриг а майралла йа къонахалла оьшуш гӏуллакх ца хета тхуна. Ӏаьлбаг-Хьаьжина тӏаьхьара цхьа кӏеззиг нах боцчара, ӏедална зулам ца дина. Аш йарташ йагийча, адам эрна арахь дуьсур ду. Аш йалташ хӏаллакдича, адамашка мацалла хӏуттур йу. Аш тӏера дай лецча, Сибрех хьовсийча, доьзалш байлахь буьсур бу. Цул, шен эскаршца кхузара дӏавала, ала инарле. Тхо ӏаьлбаг-Хьаьжина тӏаьхьа а хӏуьттур дац, шен кӏезигчу ницкъаца цо ӏедална дан зен а дац. Ша лелочух гӏуллакх ца хуьлийла хиъча, догдиллина, тӏевогӏур ву иза а…
Хозуьйтуш, чӏогӏа, наггахь соцунгӏа а хуьлуш, къамел ден воккха стаг йукъах а ваьккхина, цуьнан къамел шена гочде аьлла, Чомакхе омра дира Свистуновс. Ӏедал бехке деш аьлла дешнаш а ца хьахош, Чомакха доцца гочдира воккхачу стеган къамел.
– Кхузахь йинчу бунтана ас массо бехке веш хилар дӏахаийтал цаьрга, поручик, – баккхийчу нахана буьрса тӏевирзира командующи. – Нагахь йуьртара цхьа стаг мятежникашна тӏаьхьахӏоьттинехь, йерриг йурт бехке йу. Нагахь доьзалера да, ваша, кӏант, милла а цхьаъ ӏедална дуьхьалваьллехь, оцу доьзалехь мел верг бехке вийр ву. Къений, къоний, зударий, бераш. Шайн зуламхо ца сацорна. Нагахь царна соьгахьара къинхетам хила лаахь, шайн бехк эца лаахь а, некъ ло царна. Хӏор а йуьрто уггар тешаме, майра нах арабаха беза Іаьлбаг а, кхиболу зуламхой а схьалеца. Нагахь цара шайн йарташкара зуламхой, лецна, ӏедалан кара схьалахь,