тӏаккха тешар ву со церан муьтӏахьаллех. Тӏаккха догдохийла йу ӏедалерчу къинхетаме. Амма, цара и ца до-кх, йартех чим бина, мятежникаш Сибрех дӏа а хьовсийна, бисинарш арен тӏе дӏакхалхор бу. Хӏара церан обаргийн баннаш кхин цкъа а метта ца хӏиттийта.
Йартийн векалш кортош охкийна а битина, шен свитица отрядна тӏаьхьаволавелира командующи.
Отрядца вогӏу Свистунов Шоьна кхочуш, хьалха йуьрта йаханчу разъездан эпсар веара йуханехьа говр хаьхкина. Цхьа ах бӏе гӏулч генахь говрара охьа а иккхина, ведда тӏе а веана, гиччошка куьг даьхьира цо.
– Хьан локхалла, Шоьнахь хьоьга ладоьгӏуш мятежникийн парламентареш бу. Муха приказ хир ду?
– Хӏун парламентараш? Ког дӏа мел баьккхинчохь хила беза уьш?
– Хьан локхалла, уьш тера бац ахь тахана тӏеэцначех. Цаьргахь кӏайн байракх йу, шера оьрсийн мотт хууш, схьахетарехь, хьалха цкъа эпсар хилла стаг а ву церан коьртехь.
– Маса стаг ву уьш?
– Кхоъ.
– Хӏун боху цара?
– Дийцац. Хьан локхаллица ду, боху, шайн гӏуллакх.
Шоьна эвла йуккъехь жимачу маьждига хьалха майданахь шаьш лаьттара карахь кӏайн байракх йолуш кхоъ стаг. Инарла вогӏу гича, дуьхьал а баьхкина, цхьа иттех гӏулч генахь севцира уьш. Свистуновс говр сацийра. Инарла говрара чу ца вуссийла хиъча, ши-кхо гӏулч тӏе а веана, вистхилира хьалхара элдарчу дегӏара, амма хебаршка ихна мокха, оза йуьхь йолу шовзткъе итт шо хенара стаг.
– Пурба ло тхуна, хьан локхалла, нохчийн мехкан уггар ширачу лаьтта тӏехь хьо даггара декъалван. Тхуна чӏогӏа лаьара сел воккха, веза хьаша нохчийн къоман гӏиллакхехь лераме тӏеэца, амма хӏиттинчу хьелаша таро лац тхан дегнийн лаам кхочушбан. Ма-ттов ца хилча, ма-торру олуш, кица ду тхан халкъан. Оха даггара декъалво хьо Нохчмехкан лаьтта тӏехь!
Эгӏазчу къамелхочо, шен дош чекх а даьккхина, байн корта таӏийра. Цуьнцанна кортош таӏийра тӏехьа лаьттачу кӏайн, шуьйра маж йолчу зоьрталчу воккхачу стага а, цунна уллорчу буьрсачу къонахчо а. Цаьрга хьаьжча, даг чу велар иккхира инарлин. Дика Іамийначу комедех тарлора цунна оцу кхаа туземцо лелориг.
– Муьлш ду шу? – хаьттира цо кӏоршаме.
– Хьан локхалла, имамо ӏаьлбаг-Хьаьжас хьуна тӏе хьовсийна халкъан парламентераш ду тхо.