дӏакхевдина, кетӏарчу гӏопах шедакхаж туьйхира Дадас. Буьрса гӏовгӏа йелира масех жӏаьлин. ЗІенаш йекош, шаьш долччохь кхийсалора уьш. ЦІогӏанечу гӏовгӏанца неӏ а йиллина араваьлла цхьаъ, лохха мохь тоьхна, жӏаьлеш дӏа а тедина, гӏопе веана, сецира.
– Мила ву ков деттарг?
– Со вара хӏара-м. Залмин Дада.
Чухула боьллина ши гӏуй дӏа а баьккхина, ши дакъа долу гӏап дӏаса а йиллина, хӏокху шинна хьалха хӏоьттира зоьрталчу дегӏара онда ӏуммин вешин кӏант Иба.
– Ассалам ӏалайкум, дика мел дерг догӏийла шун хӏусаме! – элира, говрара охьа а воьссина, тӏеваханчу Дадас.
– Ва ӏалайкум салам, дика мел дерг хуьлда шуна а! Схьачудовла.
Шина хьеше куьг а луш, цаьршиннан говрийн урхаш дӏалецира Ибас.
– Іумма вуй цӏахь?
– Ву, дера.
Хийра нах керта баьхкича, йуха а карзахдевлла жӏаьлеш човхийна дӏа а тедина, ши говр гоьзанах дӏатесира Ибас.
– Дуьлол цӏа чу.
ТІулган экъанах масех киртиг йеш биначу ламех хьала уча ваьлла хӏара шиъ кхузахь а витина, цӏа чу вахара иза. Цхьа-ши минот йалале цхьана цӏийнан готта кор серладелира, жимма ӏийча, шен зоьрталчу дегӏаца йерриг неӏ дӏалоцуш, аравелира Іумма.
– Дада, хьо ву хӏара? Марша вогӏийла. Схьачувалал ший а, – неӏ дӏа а йиллина, Дада хьалхатеттира цо. – Дӏавалол.
– Хьо хьалхавала, – йухагӏоьртира Дада.
– Дӏавало, шуьшиъ хьаша ма ву.
– Хьо хьалхавалахьа, Іаьлбаг.
Цкъа а кхеравалар хӏун ду ца хиъначу ӏуммин, ӏаьлбаган цӏе йоккхуш хезча, дегӏа тӏехула йайн тулгӏе хьаьдира.
– Ой, ӏаьлбаг-Хьаьжа ву хьоьца верг? Схьахилал, мараволла ас хьо. Гор, берзан кӏеза, йаІ! Ма хаьа-кх суна, хьо хӏунда деана. ДІавалол чу. Хӏай машаллахӏ, ма дика ду шуьшиъ веана! Охьахаал, паргӏатваьл.
Шиша диллинчу маьхкдаьттанан чиркхо тоъал серладаьккхинчу цӏа чу ваьлча, дуьхехь саца гӏоьртира ши хьаша. Амма ӏуммас, теттина вигна, тӏе истангаш тийсинчу поппаран маьнги тӏе охьахаийра и шиъ. Цхьа масех минот хьалха Іумма наб йеш ӏиллина мотт, дӏахьарчийна, йуьстахтеттира Ибас. Іуммас шена тӏе бедарш, йуххушехь, цӏа чухула бӏаьрг туьйхира Іаьлбага. Шен да санна, буьрса кхерч бара гуш берг. Лоьман тунгарих тера. Цӏенкъа тесна йукъ-йукъара зарзбелла тиша, боккха палс; пенах тоьхна цӏен-ӏаьржа къорза