куз, цунна тӏехула оьхкина тайп-тайпана нохчийн, оьрсийн, туркойн герзаш. Ӏумма ӏиллинчохь пенах тоьхначу хьостамах кхозура бӏе буьртиг тӏехь болу суьлхьанаш. HeIapexь сона теттина йоьзан тас, цӏестан гӏумгӏа.
Шена тӏе гӏовталлий, чоий дуьйхина, кога маьхьсеш оьзна, пенах кхозучуьра схьаэцна, шаьлтий-доьхкий йукъах а дихкина, маьнги тӏе а ваьлла, охьахиира ӏумма. Хеной, хьегначу вонаший, къежвар бен, кхин къаналлин лар йацара цунна тӏехь. Иза хӏинца а могаш, сема, дегӏехь ницкъ болуш вара. Ло санна, берриг накха дӏалоцучу шуьйрачу, кӏайчу йехачу мажо а, лекха хьаж аьхначу хебарша а тоьшалла дора иза дезткъа шарехьа гӏоьртина воккха стаг хиларна. Амма цуьнан майрачу хьажаро а, курра агӏор саттийначу сирачу коьрто а, велакъежча, гучуйуьйлучу андийчу цергаша а гойтура и стаг, ӏожалло бен эшор воцуш, дуьненан халонашна тӏехула гӏулч туьйсуш схьавеанийла.
Ӏуммас, куьг хьаькхна, шардира шен месала мекхаш а, сира маж а.
– Тӏаккха, ши кӏант, цӏахь хӏун ду? Олдам а, Залма а хӏун деш ву? Хатта безарш берриг могаш буй?
– Дика бохку уьш-м. Шу а деца могаш?
Хецаделла церан къамел ца долалуш, дикка хан йелира. Іумма бехкалвахна ӏара, ткъа хӏара шиъ, шаьш хьаша а, жима а хиларе терра, къийлалора.
Кара дечиган шун а лаьцна чоьхьайаьллачу ӏуммин кӏентан Шемалан зудчо хьешашна хьалха кхехкийна шийла жижиг а, кӏедда йеттина сискал а, шура а хӏоттийра.
– Цкъачунна хӏара кхаллийша, – элира зудчо, маршалла а хаьттина. – Дукха ца ӏаш, йовханиг а йохьур йу шуна.
ДІадаханчу дийнахь кийра рицкъа дахазачу ӏаьлбага, йовха-шийла ца хьехош, вуззалц хӏума а йиъна, доцца доӏа дира. Шуьнца Иба араваьлча, хьешашна тӏевирзира Іумма.
– Вуьсу воцу дархо ӏуьйренга ма волийла бохуш, цхьа кица ду-кх вайн, – долийра цо стоммачу, дуькъачу озаца. – Суна тӏехь кхел йан веана хьо, ӏаьлбаг-Хьаьжа? Вуьшта, сан сирбелла корта ца кхоор ахь.
Коьртара баьккхина лоха ӏаьржа куй улло а биллина, когаш кӏел а оьзна, голаш тӏе хиира ӏаьлбаг.
– Воккхачу стеган къоьжалла цалийринарг ваха ма кхиавойла, ӏумма-Хьаьжа, – дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира Іаьлбага. – Дайн гӏиллакхех доьхначу дийнахь дала вай а дохадойла. Бакъонан кхело