ӏаьлбаг-Хьаьжа, Дегӏастанан цхьаболчу тхьамданашца ахь со вагарвар а нийса дац. Сан дай ца хилла элий, со а вац. Со ӏехавала даьхний, бахам а бац сан. Сайна а, халкъана а аьтто хиларе догдохуш велла ас ӏедална ши кӏант а. Цаьрга кхаьчнарг а дац доккха дакъа. Ткъа гӏуллакхах дерг аьлча… – доккха садаьккхира цо. – Дегӏастанхоша ладегІначу Гӏеза-Махьмера хаам кхаьчна. Тахана-кхана гӏаттам болабо цигахь. Дадина а дайна, со а ца ӏийна хӏинццалц вижина. Сайн нахаца кхана со Дӏайхь хир ву. Нагахь со гал вацахь, кхо де далале, Шуьйтана лакхахь йолу йерриг йарташ гӏовттур йу шуна.
– Хӏета, къинтӏера вала суна, Іумма-Хьаьжа! Хьан дашо а, дегӏастанхой гӏовтта кечбелла хиларо а дикане догдохуьйту тхоьга, – элира ша цуьнга кӏоршаме вистхиларна бехкалваханчу ӏаьлбага.
ТІаккха цо дийцира Нохчмахкахь а, Чӏебарлахь а хӏоьттина хьал а, шен ӏалашонаш а.
– Берриг ницкъ цхьаьна а тоьхна, паччахьан эскаршна тохар дан ойла йу сан, – элира Іаьлбага тӏаьххьара а, – Веданахь, Эрсанахь, Шуьйтахь а долу церан баннаш а дохийна, арен тӏе тийса деза уьш. Тӏаккха гӏаттам аренга баккха аьтто хила а тарло. Дегӏастанахь гӏаттам болалахь, цигара далийна эскарш йуха дӏадуьгур ду. Тӏаккха лаххара а пхи эзар милцо, ши-кхо эзар салти, масех йоккха топ а кочара йолу вайна. Нохчмахкара берриг ницкъ ас Веданний, Эрсанний тӏетоттур бу. Ткъа ахь, Іумма-Хьаьжа, кху Дадица цхьаьна Шуьйта дӏалаца. Кхидӏа дан дезарг тӏаккха гур.
Сатаса гергадахча, Іуммин Іодика а йина, араваьлла ӏаьлбаг а, Дада а Нуй йухавирзира.
Басса тӏера йерриг йарташ а гӏовттийна, шеца пхи бӏе сов стаг волуш Чӏебарла иккхира ӏаьлбаг. Свистуновна ша хьаьшна моьтту гӏаттам кхитӏе а марсабелира.
Цуьнан шолгӏа мур болабелира. Хьалхарчул луьра а, чолхе а.
ХІиттинчу хьелаша Грозне валийна Александр Павлович, кхузахь Эристовца цхьана сохьтехь кхеташо а йина, Шуьйта вахара.
ХІокху Чӏебарлах цкъа а тешам бацара цуьнан, амма, хӏинццалц ӏаьлбаган ӏаткъам кхузахь кӏезиг хиларна, сапаргӏат вара. Хӏинца ӏумма мятежникашкахьа валаро буххера дуьйна хийцира командованин планаш.
Ӏумма къона Іаьлбаг вацара. 1860–1861-чуй шерашкахь Нохчмахкарий, чӏебарларий гӏаттам