хьаьшча, Смоленски губерне ссылке вахийтина ӏумма, шена тоьхна хан йаьккхина, цӏа веача, цхьана ханна тапъаьлла дӏатийра. Къайлах тергалвича, гучудолуш хӏума а дацара. Тӏетаьӏӏина далла гӏуллакх деш, шен бахамна тӏевирзина каравора иза. И буьрса лом гуттаренна а гура чохь сацо ӏалашо йолуш, областан администрацис хӏеттахьехь, амалтана ваьккхина, Россе дӏавигира цуьнан ворхӏ шо хенара жимахволу кӏант. Воккхахверг дукха хан йоццуш зумсойн йуьртда хӏоттийнера.
ХІокху тӏаьххьарчу шерашкахь маситтаза Макка вахана веара ӏумма. Ша цигара масазза вогӏу, правительствона баркалла а олура, шен муьтӏахьалла гайта а гӏертара. Амма, тӏаьххьара Макка вахана, хӏара шо долалуш иза цӏа веача, Стамбулехь Гӏеза-махьмиций, Кундухов Мусиций цуьнан цхаьнакхетарш а хилла, цигара цо шалха бух болчу гӏумгӏи чохь туркойн прокламацеш а йеана, иза туркойн агент а ву бохуш, дуьйцура.
Александр Павловича Аргунски округан начальникна приказ делира, и эладита талла а таллий, жимма а шеко йолуш гӏуллакх карадахь, ӏумма лаца аьлла. Лохвицкий и гӏуллакх талла воьлча, ӏуммас дегабаам бира: и эладитанаш даржийнарш шен ӏедалца йолу дика йукъаметтигаш, ӏедало шех бина къинхетам а ца лалуш лела шира мостагӏий бу, элира цо. Мел лехарх а, иза лаца бахьана а ца карийна, кӏелвисира Лохвицкий.
Хӏинца Александр Павлович тешна вара хІетталц ӏуммех лаьцна шена тӏекхехьна хаамаш цхьа бух болуш хиларх. Схьахетарехь, и гӏаттам ца хилийта цхьа бахьана хилла хир дара ӏуммин. Тӏаьххьарчу хенахь оьрсийн эскарийн баккхий эшамаш хиллера Анатолехь. Гӏеза-Махьма доккхачу эскарца Дегӏастана вогӏу боху хабарш а кхаьчнера кхуза. ХІокху деношкахь ӏуммас корта айъаро гойтура Дегӏастанахула схьа Стамбулца цуьнан цхьа зӏе хилар.
Лаьмнашка операце вахана, хӏетта цӏа кхаьчна подполковник Лохвицкий бехкалвахна хьаьвзира везачу хьешана дуьхьалван шен аьтто цанисбаларна.
– Хӏумма а дац, хӏумма а дац, – элира Свистуновс, – церемонеш лело хан йац хӏара, – коьртара йаьккхина фуражка вешалки тӏе а оьллина, мундиран кочара ши нуьйда дӏа а хецна, йуьхьах а, вортанах а йовлакх хьаькхна, стоьла уллохь лаьттачу гӏанта везза охьахиира