Александр Павлович. – Ма бурко йу кху чохь!
Лохвицкийс коран ший а рама хецна дӏайиллира.
– Дийцал, Аркадий Давыдович, хӏун ду керла? Охьахаа.
– Керланаш дукха дац, хьан локхалла. Йерриг Чӏебарла ӏаьлбагехьа йаьлла. Нуй а, Нохчкела а дӏалаьцна цо, Шара-Орган тӏера тӏай а дагийна. Кхузахь цӏе а латийна, ӏумма иза йаржо а витина, Нохчмахка дӏавахана. Селхана йалх рота салтий, йаккхийчу тоьпийн взвод а эцна вахана, тӏай меттахІоттийна ас. Мятежникаша дукха дуьхьало ца йеш, ас, дӏа а лецна, йагийна Боси, Бона, Чобаьккхинарой, Кули. Ткъа тахана сайн отряд Накашидзен отрядца цхьаьна гӏуллакхдан а хьажийна, Накашидзес Макажа а, Нихала а йагийна тахана. Йагийначу йартийн йалташ а хӏаллакдина. Тахана даьхний лаьхкина схьадалор ду.
– Дика ду, – элира инарлас, ойла а йина. – Шахназаров коьртехь Воздвиженскера тенгинцийн батальон а, цул сов, Гребенцийн сотня а йоуьйтур йу хьуна. Шина-кхаа дийнахь Веданара ламанан йаккхий тоьпаш а кхочур йу. Амма, хӏокху Шуьйтан участкехь хьайн букъа тӏехье а ца чӏагӏйеш, Чӏебарла ма гӏо. Йерриг йарташкара амалтана ваккхий 200–300 стаг гӏопа чу волла. Уьш ца луш, дуьхьалйевлла йарташ къинхетамза ата. Амалтана балийна нах чӏогӏа ларбе. Цхьаъ вада гӏортахь, массо а вуьйр вуйла хаийта.
– Изза дагахь вара со а. Кхана Евдокимовски, Шатоевски участкашкахь дӏадолор ду ас и гӏуллакх. Коллежски регистраторо Курбановс доккха гӏуллакх дина вайна. Амма ламанан дежийлашкара цуьнан масех бӏе уьстагӏ бигна. Чӏебарлойн йуьртдай а лецна ӏаьлбага.
Лохвицкийн денщика деана чай хӏоттийра стоьла тӏе. Стака хьалха а оьзна, ӏайгаца кегош шелдина, чайнан къурд бира Свистуновс.
– Хӏинца хӏун планаш йу хьан?
– Хьан локхалло аьлларг дийр ду-кх.
– Сан гайтамашка ладегӏа ца оьшу. Хьайх тешийначу округехь дан дезарг хьуна хьайна дика хаа деза.
Лохвицкийн горга, цӏена йуьхь, эхь хеттачу йоІстеган санна, цӏиййелира.
– Чӏебарларчу йерриг йарташкара хӏор а доьзалера пхиппа сом гӏуда даккха а, ӏаьлбаг цига кхайкхинарш, йа, дӏавеъча, гӏодинарш а, йа, айса кхайкхича, тӏе ца баьхкина нах а леца ойла йу сан. Ӏаьлбаг дуьххьара тӏеэцна Нижала а, Ригаха а, тӏулг тӏулга тӏехь ца буьтуш, йохийча,