пхерчаша веддинера кӏентан гӏагӏ а, тӏарг а. Иза чекхваьллачу новкъахь саьлнаш буьсура мостагӏийн декъийн. Цо хьалха дӏабуьгура майра тӏемалой. Иза дийна мел ву, толаме догдохийла йоцийла хиъначу мостагӏаша го бира къеначу ден-ненан цхьалхачу кӏантана. Йукъахьовзийна, цхьатерра гоьмукъаш, пхерчий, тарраш тоьхна, вожийра цара кӏант.
Амма къона баьчча воьжча а, ца буьйхира тӏемалой. Уьш, мелхо а, дарбелира. Оццу минотехь тӏеман ара кхечира, кӏентий а, воӏарий а гӏелбелла аьлла хезна, шайн тиша-киша герз лахьийна, орцах баьхкина бӏешарал тӏехбевлла къена нах. Цара, цхьаьний тоьхна, вохийна, лаьллина, даймехкан дозанал дехьатесира къиза мостагӏ.
Ша мостагӏех леташ, воккхачу стага гӏийла бӏаьрг биттира кӏант лоьхуш. Амма ца гира, мел лехарх а. Мостагӏ махкал ара а кхьоьссина, йуха а веана, тӏеман ара хӏоьттира воккха стаг. Тӏеман аренна тӏехула, стигал ӏаржйина, хьийзара ӏаьржа хьаргӏанаш. Аренна го бина, кӏомсарш йетташ, цӏийзаш лаьттара меца чагӏалкхаш. Меллаша ког боккхуш, массо а докъан йуьхьа тӏе хьожуш лелаш, мостагӏийн декъийн уггар йоккха сал йолчу кхечира воккха стаг. Зингатийн туьйлигна тӏехь делла Іуьллу лом санна, андий пхьаьрсаш а, настарш а дӏаса а йаржийна, хӏоьттина ши бӏаьрг сийначу стигала а боьгӏна, мостагӏийн декъашна тӏехь воьжна ӏуьллуш карийра цунна шен кӏант. Гӏагӏ а оьккхуьйтуш, некхах чекхйаьллера масех гоьмукъ. Логах, йуьхьах догӏаделлера дӏаьвше, ира веднаш долу пхерчий. КІомсарш йолчу чхьонкаро кагбинера корта. Цхьана буйнахь – цӏийша йуьзна гӏама, вукху буйна къевлина – тӏарг дара цуьнан мостагӏийн гоьмукъаший, тарраший веддина.
Некхах чекхйийлина гоьмукъаш а, йуьхьа тӏе, логах догӏаделла пхерчий а дӏа а даьхна, кӏентан меженаш нисйина, иза докъана тӏехӏоьттина лаьтташ, тӏебаьхкира къена а, къона а тӏемалой. Массеран а беллера кӏентий, воӏарий, дай йа вежарий. Амма дийна бисинчарна гург хӏара шиъ бен вацара. Вийна ӏуьллу шайн турпала къона баьчча а, цхьалха висина къена да а.
Ден кӏоргге чухевшинчу кхоьлинчу бӏаьргаш чуьра къорама схьалешара дуьра бӏаьрхиш. Хебарша аьхначу беснеш тӏехула кегийчу татолашка а доьрзуш, сирачу мекхаш