тӏехула а ледаш, йуькъачу можа йуккъехь къайладуьйлура уьш. БІаьрхиша хӏоттийначу дахкара йуккъехула цунна гора кӏанте ладоьгӏуш цӏахь йисина йоккха стаг. Воьжна цаьршиннан кӏант. Йоьжна цаьршиннан къеналлин гӏортор. Байна цаьршиннан кхерчарчу цӏеран тӏаьххьара суй.
Воккхачу стеган догъэца гӏоьртира къежбелла баккхий нах. Цуьнан метта шаьш кӏентий хир ду хьуна, элира турпалчу нийсархоша. ТІаккха, букъ нисбина, вистхилира кӏентан да:
Ва кӏентий, къонахий, шу сох ма кхардалаш,
Турпала воьжначу кӏантана велхац со –
Даймехкан декхар ду цо кхузахь дӏаделларг,
Сайн кхерчахь йайначу цӏарна а велхац со –
Кхечарна цӏе латто цхьаъ вага везара.
Кхин ма ду тахана со осалваьккхинарг…
Тхан тишчу лапгӏанан керта а хӏоьттина,
Цхьа къена нана ӏа, кӏант кхоче ладоьгӏуш,
Соьгахь дац доьналла хиллариг хаийта.
Вац-теша шулахь стаг шийла кхаъ дӏакхето?..
Маситтамма а дош делира, шийла кхаъ эцна ша-ша гӏур ву аьлла. Гоьмукъех барма а бина, тӏе верта а тесна, ларвеш, кӏант цунна тӏе а виллина богӏу тӏемалой йуьртана гергакхечира. Цигахь царна дуьхьалкхийтира, шайн дай, кӏентий, хӏусамдай, вежарий тӏамехь эгна, кхачабелла моьттуш, дечиган шаданаш, хьокхий, мангалш карахь богӏу зударий. Тобанна хьалха йогӏу кӏентан нана гича, буьйхира тӏемалой. Цхьанне а ца лиира цуьнга шийла кхаъ дӏакхето.
Тӏаккха тӏемалошна йукъара дечиг-пондар карахь схьавелира сирвелла цхьа воккха стаг.
Адамийн дог декхча, хьасталой бека хьо,
Адамийн дог доьхча, гӏайгӏане боьлху хьо,
Диканехь, вонехь а тешаме сан накъост,
Ахь мукъне йалхайе вайгара къа-бала…
Воккхачу стага пондар лекхира. Меллаша цунна тӏаьхьайолайелира тӏемалойн жима тоба. Сецира зударшна хьалхара йоккха стаг. Хезира гӏийла дека пондаран мерзаш. Пондаро дуьйцура шен цхьаъ бен воцу кӏант нанас мел везаш кхиийна, цуьнан сийлахьчу, боккхачу безамах. Тӏаккха цӏеххьана хийцаделира мерзийн аз. Хӏинца нахана хезара лечанан майра мохь, лоьман дералла, берзан угӏар. Цуьнца хезара вовшех а, тӏаргах а деттачу герзийн татанаш. Пондаро дуьйцура кӏентан турпала хьуьнарш, даймехкан сийлалла, хазалла, цуьнан дуьхьа ӏожалла тӏеэцнарг, и халкъ мел деха, вехарг хилар.