у хенахь эла Эристовн аьтту куьг хилла дӏахӏоьттинера Боьршиг. ГІовттамхошна дуьхьал ӏедална муьтӏахь халкъана йукъахь пропаганда лело гӏо дора цо Эристовна. Хӏокху некъехь махкатӏехой, хоттанхой, тевзанхой схьакхалхо гонахарчу йарташкара ворданаш вовшахтоьхнарг а иза вара. Боьршига гӏо дора Эристовна гӏовттамхойх къайлах хаамаш гулбан. Доцца аьлча, Эристовн кху агӏор штатехь йоцчу разведкин куьйгалхо вара Боьршиг.
Делкъе йиначул тӏаьхьа Смекаловх а, Эристовх а дагавелира командующи.
– Махкатӏехой, берриг бохург санна, охьакхалхийна, – кхузара хьал дийцира Смекаловс. – Хӏусамашкара арабала таро йоцу бӏе доьзал бен ца битина цигахь. Басса тӏехь дерг чекхдаьлла а лерина, йерриг Веданан отряд ЧІебарла хьажийна ас. Зазаргӏанна уллохь хиллачу тасадаларехь виъ мятежник а, цхьа салти а вийна. Отряд, кхаа колонне йекъайелла, Буккъазе йоьду. Даьргӏа-Дукъахь а хилла тасадалар. Цигахь ткъе итт мятежник а, вайн виъ салти а вийна. Селхана лагере далийна диъ бӏе бежана, итт эзар цхьа бӏе уьстагӏ. Тахана Іуьйранна Іумма, шен гӏеранца Шара-Органан аьрру агӏон тӏе а ваьлла, Гӏаккхойн ломахь чӏагӏвелла. Бахархошна йукъахь хьалхалера кхиам бац цуьнан. Вайн отрядаша кхерам тесна царна тӏе. Цунна тоьшалла ду тӏаьххьара хиллачу шина тасадаларехь, шайн байъинчийн декъий дӏа а тийсина, уьш бовдар.
– Ткъа ӏаьлбаг? Иза хӏинца а маьрша кхерсташ ма ву?
– ӏуммица дерг чекхдаьлча, цунна тӏевоьрзур ву со. Поручикан Хьотин аьтто нисбелла даьттахой ӏаьлбагна дуьхьалбаха. Селхана соьга кхаьчначу хаамаша Іаьлбаган гӏеранний, даьттахошний йукъахь йаккхийра кхийссарш хилла боху. Шиний агӏор байъинарш а бу. Шена дуьхьал халкъ даккха гӏоьртина чеччалхойн, гатийуьртахойн молланаш байъина, боху, ӏаьлбага. Хьуна ма-хаъара, Александр Павлович, и ши молла вайн агент вара. Ӏаьлбага Чеччалхе а, ах Даьттаха а йагийна. Даьттахара бахархой, бевдда, Гендаргана бахана.
– Тахана мичахь ву ӏаьлбаг?
– Симсаройн хьаннашкахь. Цига доьлху дерриг некъаш дӏалецна Хьотин а, Шахьболатан а милицис.
– Кхин хӏун ду керла? – хаьттира Свистуновс.
– Суьлми-Тевзан лам бевддачу бахархойх цӏанбеш, даккхий хьуьнарш