гойтуш, жигара дакъалаьцна куринцаший, хӏираший. Хӏирий цӏахь хилла бац хӏокху йалх баттахь. ТІехь тӏелхигбевлла уьш. Шаьш цӏабахийтар доьху цара. Дика гӏуллакх до гӏалгӏаша а. Цундела сан дехар ду хьан локхалле цхьаболчу хӏирийн а, гӏалгӏайн а дошлошна Георгиевски жӏараш йалар а, масех стаг уряднике ваккхар а.
Свистуновс жимма ойла йира вист ца хуьлуш.
– Бакъо ло царна. ЖІараш а ас дӏайоуьйтур йу.
– 28-чу сентябрехь марха досту бусалбанаша. Цунна кхо де доьху Хьотас а, Шахьболата а шайн нохчашна.
– Хьайна хеттарг де.
Дегӏастанан областан начальнико инарла-адъютанто Меликовс августан тӏаьххьарчу деношкахь полковникан Накашидзен отряд дӏайигаро пхи эзар бӏаьхо эшийнера Нохчмахкахь. И дина а ца ӏара лулахо. Теркан областан эскарийн дакъошца нохчийн, Іаьндойн дозанаш дӏакъовлар доьхура цо. Свистуновс йухатуьйхира лулахочун дехар. Хӏара ша а ма вара халачу хьолехь. Басса тӏехь дерг чекхдаьлча гӏо дийр ду ша аьлла, дош делла, витира цо Меликов. Амма цхьа кӏира хьалха коьртакомандующегара Михаил Николаевичера приказ кхаьчнера, гуттар сихонца гӏашлойн ши батальон Дегӏастана а хьажайе, нагахь аьтто нислахь, кхин а йахийта цига аьлла. Мел ца лаахь а, цкъа Кабардински полкан батальон – Темирхан-Шуре, тӏаьхьо Курински полкан шиъ батальон а, Гӏизлар-Гребенски гӏалгӏазкхийн цхьа сотня а Ботлихе йахийта дийзира цуьнан.
Дегӏастанахь гӏаттам болабелча, сийса йуьйлира, Нохчмахка-м хьовха, аренан Нохчийчоь а. Ӏаьлбаган агенташ лелара йарташкахула бевлла, халкъ ӏедална дуьхьал кхойкхуш.
Свистунов халачу хьоле вуьйжира оцу деношкахь. Беной дӏакхалхор а чекхдаккхаза дисинера. Вуьшта а йоккхачу къоьллехь йохкучу аренан йарташна хала дара цхьа а тайпа рицкъа доцуш, сагӏадоьхургийн хьоле баьлла масех бӏе доьзал тӏелаца а, дӏатарбан а, керла йалташ тӏедахккалц уьш кхаба а. Цундела беношна, арен тӏера хьала а богӏуш, шайн кхаш тӏера йалташ чудерзо бакъо йелира Свистуновс. Оцу деношкахь беной, берриг бохург санна, шайн йагийначу йарташкахь бара.
Хӏинца ӏаьлбагна кийчча гӏортор йара дарбеллачу беношна йукъахь. Дегӏастанахь гӏаттам болабелча, цуьнан аьтто хилира зандакъой, беной,