сайна гина стаг воцу дела, хоьттура ас-м.
– Сан накъост бохург-м кхин дай, Василий. Йалхитта шо хьалха, со санна, Россера ведда веана иза. Помещикан цӏенош а дагийна. Тхойшиннан кхоллам дукхе-дукха цхьатера богӏу. Со къоначу зудчуьнца веара, ткъа Михаил – деккъачу шен дегӏаца. Ткъе итт шаре ваьллехь а, зуда йалоза ву. Аьтто боцуш висина. Сайн ваша ву аьлла, тӏелаьцна ас иза. Іедал тӏекхиахь, шиннен гӏуллакх а дика хир дац. Шух дага а ваьлла, цхьа хан йаллалц иза кхузахь вита ойла йу тхан.
– Дагавийла а ца оьшу. Оха ӏалашвийр ву иза-м, Христосан четахь воллуш санна, – элира Васала.
Тоьхначу хенал цхьа сахьт хьалха Гезлойн гӏопе кхаьчначу Васала, кевнехь хехь лаьтта хьаьрса салти а гина, цунна тӏехъэккха дагахь, цӏеххьана говрашна шед туьйхира. Васалан ирсана, кисет кара а лаьцна, луьлла йуза гӏерташ воллура салти, ткъа стаммийчу ножан аннех йина гӏопан йеза неӏарш йиллина йара.
– Саца! Мича воьду хьо, неӏалт хиларг! Лексей, сацаве иза! Хӏей, дела вага хьо жоьжахатин цӏергахь!
Хехо кхойкху салти шега беттачу маьхьарх кхетта а валале, Васал, гӏопан керта йуккъе ваьлла, хӏумма а сих ца луш, гӏудалкхара охьа а воьссина, говрийн багара гаьллаш дӏайаха хӏоьттира.
– Аравала кху чуьра! Йахийта! Йухайерзайе! – хиллачух эххар а кхетта, тӏевеана, архаш лаьцна, говраш дӏаозийра вукху салтичо.
Васала оьгӏазвахана кеп хІоттийра.
– Дурной салти! Арба эпсар есть! – салти дӏа а тоьттуш, гарнизонан начальник чохь хуьлучу цӏенош тӏе пӏелг хьежабора цо. – Эпсар тебе урбит!
Ша сихха араваккхахь а бохуш, гӏопана чоьхьа каде бӏаьргаш кхерстабора Васала. Уггар хьалха цуьнан бӏаьргаш севцира казарми хьалха тӏе гатанаш тийсина лаьттачу шина йоккхачу тоьпана тӏехь. Тӏевеара кхин а ши салти.
– Хӏара басурман хӏунда веана кху чу?
– Митрий, иза чу хӏунда витина ахь?
– Но, йухайерзайе!
– Эхӏей, сих ма лолаш, хӏара-м кхуза балха ваийтина хила а мегий.
Цара дуьйцучух ша ца кхетачуха, вист мел хиллачуьнга къаьрззий дӏа а хьожуш, бага а гӏаттийна лаьттара Васал.
– Хӏара хӏун гӏовгӏа йу кхузахь йерг? – оьгӏазе аз хезира цунна начальникан цӏийнан учара схьа. – И хӏун нохчо ву шуна йуккъерниг?
– Хаац, хьан оьздалла, хьераваьлча санна,