схьачуиккхина-кх хӏара.
– Хехо? Хехо хӏун деш лаьттара?
– Ца кхиийра сацо…
– Мила ву кевнехь хехь?
– Недоноскин Митрий…
Парадни формица кечвелла, цӏена маж йаьшна, хаза хьовзийна хьаьрса мекхаш, месала цІоцкъамаш, бакенбардаш йолуш лекхачу дегӏара стомма войсковой старшина, меллаша учара охьа а воьссина, ворданна гонаха гулбеллачу салташна тӏевеара. Гондӏара дӏаса а хилла, Васал цунна хьалха витира салташа. Цхьана хенахь, эпсарна хьалха хӏоьттича, ӏад санна, вулалой, садаӏа а ца ваьхьаш хилла Васал хӏинца майрра хьоьжура маларо цӏийбинчу цуьнан баьргаш чу. Эпсаран багара къаьркъанан боьха хьожа йетталора.
– Мичхьара ву хьо?
Васал, бӏаьргаш бетташ, салташка хьаьжира, цара шена гочдаре догдохуш санна.
– Мичхьара ву хьо? Ишхой-Юрт? Кошкелды? Бильта-Аул?
– Гати-Юрт… Гати-Юрт! – шедакхаж Яьссица хьала а хьажийна, велавелира Васал. – Гати-Юрт, йуьртда Хорда.
– Кхеташ ду. Вевза суна шун Хурда. И тӏингар. Хьайн говрашна хӏоъ лой, кийчча ӏе. Кхийтин хьо? Ца кхийти? Хьол сонта хьайба ца гина-кх суна. Мича ваха Межа? И схьа а лахий, цуьнга кхетавайта хӏара! Ткъа ахь, урядник, хехь сема цахиларна, салти Недоноскин гауптвахте хааве. ДІасадоха хӏинца!
Салтий дӏаса а баьржина, ша висинчу Васална минот йалале хьуьхьвоьлла тӏевеара тӏедуьйхина ӏаьржачу машин чоа, чухула лаьстиган гӏовтал, йукъахдихкина кхелина доьхкий, шаьлтий долуш, коьртахь, гӏалгӏазкхаша санна, агӏор теттина тиллина боьмаша лоха куй болуш ткъе итт шо хенара нохчо. Мехах тойеш санна, мекхан йуьхьиг а хьийзош, мукадехкачух тера шен ши бӏаьрг Васална тӏебуьйгӏира цо:
– Мичхьара ву хьо, воккха стаг?
– Гати-Юьртара.
– Говрашна хӏоъ ло сихха. Сахьт даьлча цкъа Хаси-Юьрта, тӏаккха Кешана гӏур ву хьо. Новкъахь ларлуш гӏо. Некъ вон болчохь меллаша йахийта. Эпсарш бу ахь буьгурш. Церан коьрта тӏера цхьа чо божахь, хьой, хьан доьзаллий кӏур боцуш бойъур бу. Хезий хьуна?
– Хези, хези. Царна-м хӏума хир дацара. Муьлхачу чинехь ву хьо? И чуваханарг полконак варий? – хаьттира Васала, хӏара шена хьалхахь лаьттарг прапорщик а, важа чувахнарг войсковой старшина вуйла а шена хуъушехь.
Нохчо, жоп ца луш, дӏавахара. Хӏоъ буучу говрийн