Нохчийн гӏаттам хилале а, иза гуттар марсабаьллачу деношкахь а ас дукха зийнера кхузарчу колонистийн ойланаш. Хӏинца хӏокху Нохчийчоьнан лаьтта тӏехь, нийсса аьлча, бӏешерашкахь нохчийн долахь хиллачу махка тӏехь, цхьацца кхолламаша кхуза балийна бехачу колонисташа шаьш бехке ца лорура хӏокху халкъана ӏедалера хуьлучу бохамашна. Ӏедал ду ламанхойн йарташ йагийнарг, цаьргара мохк дӏабаьккхинарг, уьш лаьмнийн чӏажашка, хьаннашка боьхкинарг, цаьрга лаьттан мацалла хӏоттийнарг, царна тӏехь харцо латториг, уьш ӏазапехь бахкориг.
Колонистийн карахь хӏумма а дац. Къа-м, дера, хета нохчех, амма гӏо дан ницкъ бац. Хӏорш шаьш а ма бу ӏедална кӏел. Церан муьжгийн хилла ткъа латта? Ворхӏе дайшкахь дуьйна? Церан хилла ткъа маршо, бакъо? Уьш ца хьийзийна ткъа масех бӏе шарахь къизачу помещикаша? Йетташ, бухкуш, оьцуш, бойъуш? И харцо а, мацалла а нохчашка кхаьчна-м дукха хан а йац, ткъа муьжгаша иза бӏешерашкахь лайна. Ткъех шо а дац уьш лай-долаллина кӏелхьарбелла. Маьршабаьхна аьлла, кхайкхийна. Амма мичахь йу и маршо? Маршонан хӏун пайда бу, муьжгийн долахь атталла лаьттан коржам а ца хилча? Бакъо-м хьехочохь а дац. Къийсиний цара шайн маршонехьа? Мел дукха! Цхьа шо а ца долу силачу Россин цхьацца маьӏӏехь ахархойн гӏаттам ца хуьлуш. ХІокху ӏедална реза а болуш ца ӏа уьш. Хазахета ца кхелха уьш Сибире, Генарчу Малхбале, Йуккъерчу Азе, Украине, хӏокху Кавказе. Нуьцкъах, церан шайн бертаза кхалхораш а бу. Мацаллех, къоьллех, харцонех бевдда баханарш а бу. ХІокху империн йистошкахь мукъане а жимма аьтто хиларе догдохуш.
Атта вер вац ша винчу, дай баьхначу меттигашкара. Хазахета ца баьхкина уьш кхуза.
Изза бохура, муьжгаша-м хьовха, гӏалгӏазкхаша а.
Амма хӏара гӏаттам болчу хенахь ӏедало инзаре мекара политика йолийра. Зорбанехь, килсехь, аьтто бол-болчохь дӏакхайкхадора, и нохчий туркойн бартахой бу, уьш кху махкара оьрсий хӏаллакбан йа дӏабаха ӏалашо йолуш гӏевттина, нагахь уьш гӏала йа станицашка багӏахь, цара зударий, бераш дойъур ду бохуш. Ца дуьйцуш а, ца кхуллуш а хӏун дара!
Оцу эладитанех тешарш кӏезиг-м бара муьжгашлахь. Тӏе, бакъдолчух кхета царна гӏо дора ӏедалан и мекара, аьшпе политика ӏорайохучу интеллигенцех цхьакӏеззигчу наха а.