Ткъа гӏалгӏазкхий нохчашна дуьхьалбаха цхьа а тайпа политика ца оьшура. Цара-м, дера, паччахьо аьлча, нохчий-м хьовха, шайца цхьана къомах болчу муьжгийн а цӏий ма ӏенадо. Церан-м шатайпа пачхьалкхаш ма йу хӏокху имперехь. Станицийн долахь мохк бара гӏалгӏазкхашна оьшучул тӏех, цхьаммо дезар а ца оьцуш, тӏе къух а даьлла, эрна ӏуьллуш. Хӏор а боьршачу син цӏарах ткъа-ткъе итт десятин. Ткъа паччахьан хьадалчийн – инарлийн, атаманийн а – долахь бӏеннаш десятинаш. Церан йиш йацара нохчий толийта, уьш оцу махка тӏе йухаберзийта.
Оцу чолхечу хенахь муьжгийн ойла йанне а йацара йа ӏедалехьа а, йа гӏалгӏазкхашкахьа а. Хӏара паччахьан ӏедал оцу гӏалгӏзкхийн таррийн йуьхьигаш тӏехь лаьттийла хаьара суна. Россехь, миччахьа а цхьанхьа ахархой а, гӏалин белхалой а гӏевттича, уггар хьалха уьш хьоьшура гӏалгӏазкхийн говрийн бергашций, шодмашций, таррашций.
Хӏинца а бара кхузара дукхахболу муьжгий церан йолахой хилла бецаш.
Цхьана агӏор, ӏедале а, шаьш йолах болх бечу гӏалгӏазкхашка а безам а бацара муьжгийн, вукху агӏор, дегнаш шайн маршонехьа къуьйсучу нохчашкахьа а дара, амма, уьш толахь, шайх хӏун хир ду а ца хаьара. Кхузахь хӏара халла тардина баннаш а дитина, ги пӏаьлдигаш а тийсина, берийн цІоз тӏаьхьа а хӏоттийна, йоккхачу Россин некъаш толлуш лела йуха а шаьш арадовларна кхоьрура. Мацаллой, шелоной хьийзош. Новкъ-новкъахь бераш лаьттах а духкуш. Иштта ма бара церан кхоллам ворхӏе дайшкахь дуьйна…
Амма хӏун дара ткъа оцу муьжгийн зударшка шайн бераш инарла Свистуновна хьалха охьатийсийтинарг, кхойтта стагана ирхъолла йина кхел дӏайаккха бохуш, уьш гӏовттийнарг, тахана кхел кхочушйеш белхийнарг?
Массо а къоман зударий бу къинхетаме. Зуда, уггар хьалха, нана ма йу. Амма, суна хетарехь, догдикаллица, къинхетамца оьрсийн зударий хьалхарчу меттехь бу. Со оьрси хиларна а ца боху ас иза. Бакъдерг – бакъ ду.
Амма оцу шина дийнахь оцу кхойтта стагана уьш орцахбаьхнарг деккъа цхьа церан догдикалла, адамалла, къинхетамалла хилла ца ӏара.
Суьдан процесс дӏайаьхьначу оцу кхаа дийнахь царна шайн бӏаьргашца гира «адамаш дойъурш» бохуш,