Пхи шо хьалха санна го хӏара мохк. Баьццара аренаш, раьгӏнаш. Ира, кӏайн кортош мархех чекхдаьхна, курра лаьтта буьрса лаьмнаш. Амма машаре ду гонахара дахар.
Кхузахь цхьамзанашца машар хӏоттийна.
Ас кошан барз лоьху бӏаьргашца. Амма иза гац. Лар а ца го. Гобаьккхина – сийна бай. Хӏетта тӏейаьлла сийна буц йожуш, нилхха даьржина лела тиладоьлла оза бежанаш. Йеха шед белша тӏе а тесна, царна гонах хьийза беркъа воккха стаг-муьжги.
Ас, тӏе а воьдий, маршалла хотту. Коьртара тиша картуз дӏа а йоккхуш, суна хьалха лохха суждане воьду иза.
– Кхузара вуй хьо? – хотту ас.
– Ву.
– Дукха хан йуй хьо кхузахь веха?
– Иттех шо.
– Мичхьара веана?
– Тамбовра.
– Доьзал буй хьан?
– Бара. Белла.
Къаналла дара а, хаац, йа денна мохехь латторна дара а, хаац, воккхачу стеган хиш леша цӏен ши бӏаьрг кхоьлира.
– Томка дуй хьоьгахь? – хаьттира цо цӏеххьана.
Йаьккхина, цигаьрка кховдийра ас.
– Диъ бер а, зуда а дара. Къоьллех, мацаллех ведда, уьш эцна, дӏавелира со Тамбовра. Ирс лаха. И лоьхуш, дуккха а некъаш дуста дийзира гӏаш. Кхоъ некъашкахь дӏадоьллира, дисина цхьаъ а, зуда а кхузахь Дала дӏаийци. Хӏинца цхьа ву со. Гӏаж санна.
– Бежӏу ву хьо?
– Хӏаъ. Нехан бежанаш дажадо ас. Дикачу адамаша баьпкан йуьхк, кӏалд ло. Наггахь волчо шайн тишйелла бедар-мача а ло. Сайн де тӏекхаччалц хан токхуш воллу-кх. Ткъа хьо кхузара вац, барин?
– Хӏан-хӏа. ХьажахІотта веана.
– Тӏе ма-хьаьжжинехь хиира суна.
– Муха?
– БІаьргаш бу хьан цӏена. Лаа ваьллий хьо гӏалин йисте?
– Кхузахь каш хила дезара, цунна тӏехӏотта дагахь ма веара со. Амма гуш дац-кх. Йа со галваьлла а, хаац…
– Хьенан каш?
– Диъ шо хьалха кхузахь ирхъоьллинчу кхойтта нохчочун.
Воккхачу стеган бӏаьргаш йуха а кхоьлира.
– Хьо гал ца ваьлла, барин. Дуьххьалдӏа барз бац кошан.
Воккхачу стага, вига а вигна, бай тӏехь цхьа Іуьллучу боккхачу тӏулгана тӏехӏоттийра со.
– Кхузахь Іохку и мисканаш.
Со цецваьлла воккхачу стаге хьаьжира.
– Декъий шайга схьалахьара бохуш, ӏедална тӏеихира церан гергарниш. Амма ӏедало дуьхьало йира. ТІаккха уьш ловчкъийна дӏадахьа гӏоьртина нохчий, лецна, чубоьхкира. Цхьана мотт сацаро мотт бинера. Шайн нах чубоьхкича, бисинчара кошан барз тобира.