Тӏаккха кхуза денна нах эха буьйлира гергарчу а, генарчу а йарташкара. Муьжгий а богӏура. Вайн зударша барза тӏе зезагаш а дохкура. ТІаккха, ӏедало барз а шарбина, хӏара майда эхира. Ткъа ас, уьш Іохку меттиг ца йайта, дӏо боьрара беана, хӏара тӏулг биллира кхуза…
– Дала аьтто болда хьан, воккха стаг.
– Сох-м хирг хилла даьллера, барин. Уьш ирхъухкуш со а вара кхузахь. Берриг а – цхьа пекъарш. Со санна, къенаниш а. Хазахета ма ца гӏевттинера уьш ӏедална дуьхьал. Нохчий гӏевттича, лам чу вада ойла хилира сан. Царах дӏа а кхетта, летта вала. Сайн зуда а, диъ бер а дийначу, сан дакъазаллина бехкечу ӏедалх бекхам эца. Йуха а сецира. Ас хӏун дийр дара цигахь? Дуьнен тӏе ваьлчахьана топ кара а эцаза волчу? Майралла ца тоьира. Уьш санна, гӏатта а, вала а майралла ма оьшу. Оцу дийнахь уьш леш хьайна гинехьара!
– Со а вара кхузахь.
– Баккъаллий? Гирий хьуна цара ӏожалла тӏеоьцуш? Къоначара а, къеначара а? БІаьрнегӏар ца тухуш! Ткъа царах уггар къенаниг вела а воьлуш велира. Инарлина Чермоевна нанна хьажий, бохура, цо. Эхӏ, барин, барин…, – доккха садаьккхира воккхачу стага, корта а хьовзийна.
– Хӏун хилла?
– Хьийзадо аш тхо. Къинхетам бац шуьгахь. Цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ма ду вай. Цхьакӏеззигниш хьоло букъбина беха, ткъа халкъаш мацалло а, къоьлло а бӏарздина. Тамбовхь а, кхузахь а цхьаъ ду. Массанхьа а. Нийсо а, бакъо а йац цхьаннахьа а. Делах кхерац шу. Дегнех тӏулг хилла шун. Дала цхьа бекхам оьцур бу шух.
Со вист ца хилира.
– Уьш дӏабухкуш хилларг хаьий хьуна? – хаьттира воккхачу стага. – Гӏанта тӏе а хӏоьттина, къамел дина къона стаг дагавогӏий хьуна?
– ӏуммин кӏант Дадий?
– Хӏаъ, хӏаъ. Цуьнан пӏелгах дашо чӏуг хилла йезаро йелла. Шен везарна тешамна йа безамна йоӏа чӏуг луш гӏиллакх ду нохчийн. Цуьнан дакъа ор чу тосуш, и чӏуг гина шина чалтачна. Чӏуг схьа ца йаьлла, мел ийзайарх. Пӏелг бистина ма хилла. ТІаккха цушиннах цхьамма, диг тоьхна пӀелг хадийна, схьайаьккхина иза. Муха хета хьуна адамийн сутаралла? И хиъначу ӏедало, хьалхалера бехк тӏехь а буьтуш, набахте кхоьссина и шиъ. Цхьаболчара вийна, боху, и шиъ, кхечара, йерриг оьмарна каторге вахийтина бохуш а дуьйцу.