кхиале, хьуьна йукъара схьа ирзо тӏе велира цхьа стаг. Уггар хьалха Мохьмадан тидам тӏебахийтинарг – ӏаьржа маж йаьлла оза йуьхь йара. Кӏилло-м вацара Мохьмад. Иза ца кхоьрура буьрсачу акхаройх а. Шегахь жимачу шаьлтанал сов герз дацахь а, экханца ша ларор ву аьлла, даим а шех тешна а вара. Амма иза валлал кхоьрура жинех а, шайтӏанех а, хьерабевллачу нахах а. Кхойкху хезехь аддам а доцуш, суьйранна йуькъачу хьуьнхахь куй тассал бен доцчу хӏокху ирзо тӏехь, йерриг йуьхь йаьлла цавевза стаг гича, дегӏа тӏера массо чо ирахӏоьттира цуьнан.
Ша кхеравеллехь а, воьхна вацара Мохьмад. БІаьрнегӏар тухучу йукъана цо дуьстира туьйранашкахь шена дуьйцу хезна жинийн, шайтӏанийн аматаш. Цунна хазарехь, жин гӏалартах тера хуьлу. Ткъа хӏара адамах тера ву. Когаш а хьалха бирзина бу, хье тӏехь маӏаш а йац. Хӏета, шайтӏа а хӏара дац. Йа, стаг вийна, чӏирхойх лечкъаш лелаш, йа хьераваьлла стаг ву иза.
Ткъа иза, Мохьмадна тӏера бӏаьрг дӏа ца боккхуш, паргӏат гӏулчаш йохуш, тӏеоьхура. Цунна тӏера духар нохчийн дацара. Шуьйра хечий, лоха бертигаш йолу эткашший, голаш тӏе хӏуттуш йеха гӏовталх тера хӏума а, коьртехь бӏегӏаган куй а. Ткъа бӏаьргаш! Тап ша хьераваьллачу стеганиш! Кӏоргга хьех чуэгна, оьгӏазе. Йоккху гӏулч а йу, хӏинций-хӏинций чукхоссавала санна. Цкъа ойла хилира Мохьмадан, бугӏа а йитина, дӏавада. Амма даго ца вуьтура. Стаг гергакхочуш, меллаша шаьлтанан макъарна тӏе куьг диллира цо. И хичаш гина, важа, кхунах цавешаш делахь а, йа хӏара тешо делахь а, велакъежира.
– Кӏант, хьо ма цецваьлла сох? – хаьттира цо, мотт тийсалуш.
«Телхина-м муххале вара хьо, хӏинца тӏаьхьа ду-кх», – даг чу иккхира Мохьмадна. Ша хӏун до а ца хууш, масех гӏулч кӏегарвелира иза.
– Ма кхера, ас-м хӏумма а дийр даций хьуна.
– Сом ца кхоьру хьох, – берриг ницкъ а гулбина, майрра жоп делира Мохьмада.
Стаг йиъ-пхиъ гӏулч генахь сецира.
– Хьо мичара ву?
– Гати-Юьртара.
– Хьенан?
– Аьрзун.
– Мича Аьрзун?
– Абубакаран Аьрзун.
Стеган бӏаьргаш цец къаьрзира.
– ӏелин вешин ву хьо?
– Ву.
Доцца хиллачу къамело Мохьмад тешийра шена хьалха лаьттарг хьераваьлла стаг цахиларх.
Ткъа цавевзарг, хеттарш совцийна, ойланаш йеш лаьттара. «Аьрзун зуда