йацара тхо Хонкара кхелхаш а, йа цига дӏакхаьчча а, – бохура цо шега. – Ткъа иза, цигара нах цӏа гӏоьртича, дозанехь вийна. Иза шеко йоцу бакъдерг ду. Хӏара кӏант мичара ваьлла?»
– Хьан ненан цӏе хӏун йу?
– Эсет.
– Иза хьенан йу?
– Билалан.
– Эсетан ненан цӏе?
– Умма.
«Ткъа Эсет, со гӏалат вацахь, Шахьбин вешехь Гатехь марехь йара. Гати велла, бохура, тхо дӏакхаьчна дукха хан а йалале. Эсет шен марвешица Шахьбица туркойн йуьртахь йара. Со Эмин-пашин эскарца туьпара дӏавоьдуш, Аьрзун зуда йацара. Цул тӏаьхьа дукха хан йалале, иза вийна. Со кхеташ хӏума дац-кх хӏара».
– Аьрзу волуш вуй?
КІентан ши бӏаьрг кхоьлира.
– Хонкар-махкахь вийна иза.
– ӏела?
– Стохка, лаьцна, Сибрех вахийтина.
– Цуьнан ши кӏант?
– И шиъ-м ву.
Цхьаъ хатта, бага а гӏаттийна, йуха а сецира стаг.
– Мӏаьчиг цӏе йолуш стаг вуй Гати-Юьртахь? – хаьттира цо эххар а.
– Ву.
– Бераш дуй цуьнан?
– Дац. Хонкарахь делла. Цхьа кӏант ву, олу, цуьнан. Иза а, туркойн эскаре а вахана, тӏепаза вайна.
Стаг хаттар ца деш сецча, дӏахьажавеллачу Мохьмадна цуьнан кхоьлина ши бӏаьрг тӏунбелла гира. Шен дог кӏаддалар кӏантана тосаделлийла хиъначу цо кхечу агӏор дерзийра къамел.
– Кхузахь хӏун деш ву хьо садайначу хенахь?
– Тилавеллера со.
– Хӏинца?
– Кху ирзо тӏера дӏабоьдучу новкъа дӏаоьхур ву-кх.
– Йуха а тилалахь?
– Тилалур вац.
– Кхоьрур-м вац хьо?
Мохьмада балдаш саттийра.
– Ас-м забар йой, оьгӏаз ма гӏо, – велавелира цавевзарг. – Хьо кӏилло воцийла суна бӏаьрг ма-кхийтти хиира. Къайсар цӏе йолуш стаг вуй
Гати-Юьртахь?
– Ву, – хьалха санна, тӏера воцуш, доцца жоп делира Мохьмада.
Хьаьжа тӏе куьг хьоькхуш, жимма ойла йеш а лаьттина, шена тӏерачу гӏовталан нуьйдарчий дӏа а йаьхна, йукъахдихкинчу детица кхелинчу доьхкаран агӏон тӏерачу сеталех цхьа мотт къастийра цо.
– Схьайтал хьайн шаьлта.
Баттара йаьккхина, ира йуьхьиг лаьцна, мукъ хьалха шега кховдийна шаьлта схьа а эцна, уллохула бахтаран аса а хадош схьабаьккхина дато мотт Мохьмаде кховдийра цо.
– Абубакаран Аьрзун кӏант кӏилло а, стешха а хила йиш йац, – сацамболлуш схьахьедира цо. – Хӏара мотт тховса Къайсаре дӏалур бу ахь. Варийлахь, кхечунна ма гайталахь. Хьайна со гар а, вайшиннан хилла къамел а ма дийцалахь