– ӏаьлбаг-Хьаьжа, цхьана агӏор валал, – йаьсса йитинчу агӏор куьг тесира Солтмурда. – Хьазрин Сулиман, тӏевола!
Кхо минот масазза йели, керл-керла накъост тӏекхойкхуш, декара Солтмурдан стомма аз:
– Пишханан ГІубха…
– Гӏайтин ГІуркхо…
– Тангӏатаран Тозуркъа…
– Пиркъин Янгӏулби…
– Яхьсин Ханбетар…
– Залмин Дада…
– Апин Митӏа…
– Боьртӏиган Къосам…
– Маьхьтин Нурхьаьжа…
– Герин Арсахьаьжа…
Хӏаваэхь цӏеран меттанаш ловзош, серлайаьлла йогучу цӏарна уллохь Къуръан а карахь шен зоьртала дегӏ нисдина, меттах ца хьовш, наггахь бӏаьрнегӏарш детташ, хӏоьттина лаьтта Хьуьси-Хьаьжа тера вара доккха диначу гӏайракхан чуртах. Цо сема ладоьгӏура дуй буучун багах долучу хӏор а даше. Уллохь лаьттачу Солтмурдан сирдала доьллачу дуькъачу, хьаьрсачу цІоцкъамашна кӏелхьара бӏаьргийн ира хьажар, уьш хӏор а зуьйш, дагах чекхдолура.
Солтмурдна тӏаьххье Хьуьси-Хьаьжас дуй а биъна, чекхделира чӏагӏойаран гӏуллакх. Берсин йуьхьа тӏехь кхоларан марха гора Овхьадна. Сийна ши бӏаьрг, хьалха санна, цӏарах ца богура. Хьалха лаьттара жоьпаллин гӏуллакх. Уьш хӏор а декхарийлахь вара ша дуй биъначу гӏуллакхна шен са дӏадала. Шайн синош-м хьесапе а ца оьцура цара. Халаниг кхин дара. Цара долочу гӏуллакхо хийла доьзал байлахь буьтур бу, хийла къена да-нана кӏентех, воӏарех доккхур ду, хийла доьзалш цӏийнах бохур бу. Ткъа толам шеконехь бу. И шеконехь бу бохуш, ӏойла а дац. Шен маршонехьа цакъуьйсург лай, хьайба ма ду. Шен маршонехьа ца къуьйсу халкъ – халкъ дац, иза бажа ма бу.
Цхьана йукъана гӏелбеллачу Берсин бӏаьргаш чохь йуха а цӏе къегира. Цхьаболчара шайн синош дӏа ца делча, хила йиш йац маршо. Халкъана серло гайта цхьаъ а, итт а, бӏе а, эзар а вага веза. Цхьанна а шех цӏе таса ца лиъча, и халкъ боданехь лаьттар ма ду. Ша хӏун до а, ша мича доьду а ца хууш. Шена тӏехь дийриг, ша дан дезарг а ца хууш.
Тӏехь цӏеран меттанийн серло ловзуш, йеха ворта а саттийна, наггахь лаьттах берг тухуш, синтем байна лаьттачу шен хьаргӏачу говрехьа Берса дӏавирзича, сихха тӏеваханчу Къайсара, урх лаьцна, иза тӏейалийра цунна. Аьтту куьйга нуьйран хӏоъ лаьцна, могашниг санна, каде говра а ваьлла, куьг хьалалецира Берсас.