– Вайх хӏораммо а дуй биъна, халкъан маршонан дуьхьа вешан синош дӏадала. Иза халачех дерг дацара. Халаниг хьалха лаьтта, кӏентий. Халкъ гӏаттор. Иза а дац тӏех хала. Ӏедалан харцонаша, ӏедалан ӏазапо таӏийна, бӏарздина халкъ-м мохь ма-туьйххи гӏоттур ду. Халаниг кхин ду – иза чӏогӏачу низамехь хьалха дигар, иза толаме кхачор. Иза хила йиш йац, нагахь вайн коьртехь хьекъале, майра, хьуьнаре, нийсо йезаш, куьг чӏогӏа стаг вацахь. Иза, цкъа-делахь, къинхетаме хила веза мискачийн, гӏийлачийн догъэца, гӏорасизчаьргахьа гӏо даккха. Иза, шолгӏа-делахь, къинхетамза хила веза – халкъан мостагӏех, йамартхойх бекхам эца. Иза коьртехь хьекъал, ӏилма а долуш хила веза – вайн мостагӏийн хӏилланаш довза, церан къайленаш гучуйаха. Иза маттана говза хила веза – адамашка хаза хабар дийца, адам шена тӏаьхьа дига, адаман догъэца. Иза говза тӏемало хила веза – тӏамехь шегара майралла а, хьуьнар а гойтуш. Вай кхузахь кхузткъе цхьаъ стаг ву гулвелла. Шу резадерг хоржур ву вай.
Нах ойла йеш ца ӏийра минотана а. Массо агӏора схьа маьхьарий хезира, ӏаьлбаган цӏе йохуш:
– Олдаман Іаьлбаг-Хьаьжа!
– Майра а, хьуьнаре а ву иза!
– Хьекъал, ӏилма а ду цуьнан коьртехь!
– Догцӏена а, къинхетаме а ву!
– ӏаьлбаг-Хьаьжа харжа!
Ӏаьлбаг, шен говр човхийна, гонна йукъавелира. Баккъал а, тӏехӏоьттича, мел кхераме а йу-кх хӏара киртиг! Шен корта гӏовталан коча чу лахлуш санна хийтира цунна. БІаьрнегӏар тухучу йукъана кӏадделира дог а.
– Вежарий! – куьг хьалалецира цо. – Со къонах хетта, сан цӏе йаккхарна, баркалла шуна. Шуна ма-хеттара йа аш ма-вийццара со велахьара, дика хир дара. Амма шуна хила луург вац со. Вай долийначу чолхечу, халачу гӏуллакхна коьртехь махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, цӏе йоккхуш къонах хила веза. Сан цӏе а йац, со къонах а вац. ТІе, жима а ву. Нохчийчохь-м хьовха, кху Нохчмахкахь а кӏезиг вевза со. Сан хьекъале ладоьгІча, вай хӏара Солумгерин Солтмурд йа Дуин ӏумма-Хьаьжа хоржур вара. Вайна массарна а дика вевза и шиъ. Бойсагӏаран накъосташ хилла. Тӏеман гӏуллакх девзаш, тӏамехь а, халонехь а вахчавелла ву, махкахь а, махкал арахьа а цӏе йоккхуш вевзаш ву. Ас сайна хетарг эли.