Тӏаккха Берсина тӏевирзира Къосам.
– Вайша дӏасакъастале, йуха а цхьаъ ала лаьара суна, Берса, – элира цо, Берсин пхьарс а лоцуш. – Хьо къона ву хӏинца а. Цӏий ду хьан сиха. Тешалахь сох, хьуначул а тӏех лаьа суна вайн халкъ ирсе хуьлийла. Амма тӏаьхьайисинчу Турцина суждане оьхучу вайн динан дайша лурий-те халкъана и ирс? Хӏан-хӏа. Лур дац. Эз-эзар шарахь ладегӏарх. Вайн кхоллам цивилизованни пачхьалкхашца йа, вуьшта аьлча, Россица бу, Берса. Массо а агӏор кхиъначу вайна гергарчу лулахочуьнца.
– Россица бу, амма хӏинца цигахь долчу ӏедалций, порядкашций бац. Йуха а боху ас, со Россина дуьхьал вац. Йа вайн халкъ цунах къасто а ца гӏерта.
– Цхьана дийнахь нислур дац дерриг а, жима стаг, – цуьнан пхьарс ӏаьвдира Курумовс. – Вайн бодане халкъ нисдан, кхето, кхио а хан йеза. Шемалан заманахь дарий ткъа иза ирсе? Йа хиларе догдохуьйла а йарий? Йацара, Берса. Хьуна хьайна а ма хаьа иза. Суначул а дика. Шемала а, цуьнан ӏедалчаша а къинхетамза хьоьшура халкъан уггар сийлахьниг. Йуккъерчу бӏешерийн кепашца таладора халкъ. Ша шайх, эвлайаъ ву бохучу Шемала шена хьал ӏаӏийнера. Важа цуьнан компаньонаш а ца буьсура тӏаьхьа. Имамна уллохь виллина дӏа чалтач лаьттара. Цӏеша йуьзна, гӏалакх санна, йоккха шаьлта а карахь. Хӏор а йуьртарчу кертийн хьокхаш тӏехь адамийн кортош доцуш де ца хуьлура. Уьш дерриш а хӏумма а доцурш ду, цо халкъан культурина динчу зуламе хьаьжча. Шемала оцу ткъа шарахь дихкира халкъан иллеш, эшарш, пондарш а. Даррехь варварство йара иза! Ахь барта хӏуъу дийцахь а, дагахь хьо а теша Россис вайна серло, машар, синтем а лург хиларх.
И ца хууш ма вацара Берса. Дукха хан йара хуу.
– И дерриг Россис лур ду вайна, амма паччахьан ӏедало лур дац. И ӏедал жимма а адамалле ца хилча, машар а, синтем а хир ма бац йа кхузахь а, йа Россехь а. Ахь ма-аллара, халкъийн барт бан ца гӏерта ӏедал. Мелхо а, царна йукъа зайлаш детта, цабезам, цатешам буллу. Цуьнан харц, зуламе политика ма йу вайнаханий, гӏалгӏазкхашний йуккъе мостагӏалла доьллинарг!
– Хаьа суна, вайнахана хӏокху керлачу порядкашца машар бан ца лаьий. Хӏетте а, халкъ доккхаде ша Шемалан, цуьнан наибийн ӏазапах маьршадаларх.