– Ас эвла йуккъе кхаччалц новкъа воккху хьо…
– Ца оьшу. Вай цхьаьна ган лаац суна.
Полковник дӏа а хьажийна, Данчӏа чувеача, цуьнца охьахиъна, вуззалц хӏума а йиъна, эвлара дӏавала сихвелира Берса.
– Берса, селхана Соьлжа-Гӏала вахча, Рохьмад гира суна, – элира Данчӏас. – Чӏогӏа хьо гаре сатуьйсу цо.
Берса соцунгӏа хилира неӏарехь.
– Соьгара хӏун оьшу цунна?
– Хьо гар. Мухха велахь а, иза хьан да, ткъа хьо цуьнан цхьаъ бен воцу кӏант ву. И хаа деза хьуна. Кху деношкахь Шела вогӏур ву иза. Цуьнца цхьаьнакхетахьа.
– И дуьйцуш, хан йойъур йац вайша, Данчӏа, – Данчӏин къамел хадийра Берсас. – Со лоьхуш, ган гӏерташ къа ма хьега, ала. Хӏан, марша ӏойла, Хеда. Ган доьгӏнехь, йуха а гур вайна…
Ураме ваьлла Берса, ах йуьхь дӏахьулйеш коьртах башлакх а хьарчийна, шуьйрра сиха гӏулч йоккхуш, Эвтарехьа дӏаволавелира. Сема воьдучу цунна дукха генаваллале шена тӏаьхьадогӏуш когийн чехка тата хезира. Сихха йуьстаха а иккхина, йуьйцинчу керта уллорчу комарийн дитта тӏе а таьӏаш, дӏахӏоьттира Берса. Беттан серлонехь цунна гира новкъахула дедда догӏу жима адам. Дитте нисвелча, саца а сецна, дӏасахьаьжира кӏант.
– Хӏапӏупӏ! – зевне велавелира Болат. – Хьо дӏалечкъина моьттуш хир ву хьо? Хьайн ӏиндагӏе хьажал. Гой хьуна, иза некъана пурхаллашхьа дижина?
– Ахь хӏун до, лачкъаза дисина шайтӏа? – шен къайленгара схьавелира Берса.
– Хьуна тӏаьхьавеана-кх!
– Хӏунда?
– Хьо новкъа ваккха.
– Гена?
– Эвтара кхаччалц.
– Айххьа биний ахь и сацам?
– Хӏун башхо йу? Цхьаьний воьдуш некъ а бацлур.
– Хӏара ду хаза! Эвтара кхаьчча, хӏун дан ойла йу хьан? Йухавогӏур ву?
– Вац, дера-кх. Буьйсанна йуккъехь цӏа гӏерта ӏовдал-х ваций со.
– Тӏаккха?
– Тхайн деца йолчохь ӏийр ву-кх.
– Ой, наб йойъуш, гена некъ ца бича, хьо хьан ца вуьту?