– Хӏаъа. Делккъехь дагахь доцуш урамехь тӏеттӏаӏоттавелира тхойша, – элира Энгельса. – Хӏун ду ашшимма къуьйсург?
– Карл реза вац суна. Суна-м хьовха, оьрсийн революционерашна а. Йа Россина а.
Энгельс доттагӏчуьнга хьаьжира.
– Суна дага а ца деана иза, – корта ластийра Маркса. – Ас лакхара мах хадабо Россин, оьрсийн революционерийн. Шу масеханнан цхьацца идейни хьежаршна со резацахилар Россина а, берриг оьрсийн революционерашна а тӏе ма теттал ахь, Михаил. Хьуна бакъдерг хаза лаахь, тӏейогӏучу ханна европейски революцин йерриг а дегайовхо Россина тӏехь йу, ткъа оьрсийн революционерийн турпалчу къийсаман мах хадо хала ду.
Бакунин цецваьлла висира.
– Ой, хӏинцца ду-кх, оьрсийн ахархойн ницкъаца Россехь социализм хӏотталур йац бохуш, ахь со къарвина!
– Ас-м хӏинца а чӏагӏдо иза. Беккъа цхьана ахархойн ницкъаца революци йалур йац, социализм хӏотталур йац. Ахархойн класс хьалха йига кхин ницкъ оьшу. Пролетари.
– Иза йац Россехь. Хӏета, тхан къийсам эрна бу.
– Бац. Историн чкъург йу чехка хьалхахьа керчаш!
Цаьршинга ла а доьгӏна, къамела йукъавуьйлира Энгельс.
– Хьайн даймахкахь хуьлу хийцамаш гац хьуна, Бакунин, – элира цо. – Хьо цунах къаьстина дуккха а хан йалар хир ду-кх иза. Тахана цкъа-м ахархойн мохк бу Росси. Амма иза капитализман новкъа йаьлла. Суна хетарехь, кестта йолчу хенахь, дуьненахь а хийцамаш беш, уггар мехалчу меттехь хир йу иза. Хӏан-хӏа, ас йуьйцург царизм, крепостной Росси йац. Доцца аьлча, оьрсийн 1789-гӏа шо герга ду. Цунна тӏаьххье 1793-гӏа шо догӏур ду. Цуьнан тӏаьхье мухха хилахь а, революци ношйелла Россехь. Революцино йукъаозор бу муьжгий а. Тӏаккха французийн 1793-гӏа шо дицдеш сурт хӏуттур ду Россехь. Оцу суьрто йуьхь хуьйцур йу йерриг а Европин.
Бакунина корта ластийра.
– Царизман инзаре боккха ницкъ бу, хьомсара Фридрих.
– Йуккъехь бахкабелла ницкъ! Хӏаъа, хӏинццалц шира Росси европейски реакцин тӏаьхьалонан эскар дара. Массо революцехь а. Амма цунна дуьхьал керла ницкъ кхоллабелла Европехь. Цуьнца ларор йац царизм. Россехь сийса революцин цӏе йайъа ницкъ хир бац цуьнан. Иза цхьана-шина шарна тӏаьхьа-м тоттург хир йу цо.