Оьрсийн революци йеккъа цхьана Россехь правительство а хийцина ӏийр йац. Французийн революци хилчахьана дуьйна схьа цхьаьнакхеттачу европейски деспотизман букъсурт хилла лаьттина и инзаре йоккха тӏеман держава лаьтта тӏера дӏайоккхур йу цо. Тӏаккха баккхий хийцамаш хир бу Европехь.
– Далла бу хастам! – доккха садаьккхира Бакунина. – Тӏаккха мукъане а дӏайер йара-кх паччахьийн а, крепостникийн а гӏуллакхаша, Европин жандарм аьлла, тхан даймехкан йаккхийтина цӏе.
– Иза сихдар шух шайх а дозу.
– Йуха а – тхо бехке! – куьйгаш дӏасатесира Бакунина. – Россера къаьмнаш ӏазапехь а, боданехь а оха латтадо! Тхан халкъо жоп ца ло правительствон зуламех.
– Халкъаша шайн правительствийн зуламех жоп ло йа ца ло бохучух лаьцна эр ду ас, – сацийра иза Энгельса. – Хӏинццалц схьа дуьненахь хиллачу а, болчу а правителийн, деспотийн искусство а, деятельность а цхьана ӏалашонна тӏейерзийна йу: халкъашна йуккъехь мостагӏалла латторца цхьа халкъ ӏазапехь латторехь вукхунах пайдаэцарна, оццу некъашца шайн абсолютни ӏедалан оьмар йахйарна. Оцу тӏехь къаьсттина а баккхий кхиамаш хилла Германин. Кхин гена ца гӏерташ, хӏара тӏаьххьара кхузткъе итт шо схьалаьцча, цо дина зуламаш, эхье гӏуллакхаш а тоьур ду. Англин дешех немцойн ландскнехташ хьовсийра цо шайн бозушцахиларехьа къуьйсучу къилбаседехьарчу американцашна дуьхьал. Французийн революцеш хьошуш уггар эхье чаьлтачалла тӏелецира Голландехь, Швейцарехь. Венгрехь гӏовттамаш, революцеш хьошуш дакъалецира. Греце, Португале а хьовсийра йолахойн гӏера. Ткъа Австрис Неаполе, Турине, Романье йина походаш? Германис ца йуьтуш, Францис Испанина дуьхьал бина харцонан тӏом? Английски реакцин йолахой болчу дон Мигельна а, дон Карлосна а дина гӏо? Германин гӏоьнца дакъош деш йекъна Бельги? Россин кӏоргехь паччахьан гӏортораш, кегийра деспоташ хилла лаьтта немцой? Йерриг Европа тӏанкаьлла йуьзна Кабургаша!1
Шен кийрахь ӏаьӏаш йолу и оьгӏазло хиъна ӏаччохь йийца ца йелла Энгельс, хьала а гӏеттина, ши куьг букъа тӏехьа а диллина, дӏасаволавелира.
– Немцойн тӏемахойн гӏоьнца, талош, дакъош деш, лолле йерзийна Польша, йамартлонца Краков йийна.
1. Немцойн паччахьийн династи