Буххенца кхечу хьелашна, кхечу халонашна тӏеӏиттаделира вай, Нохчийчохь вешан ӏедал хӏотто доьлча. Цкъа-делахь, областехь бӏе эзар гӏалгӏазкхи ваха хаоро гатте йина нохчий шайн хьалхалерчу бахамаллин кепех бохийна. Шолгӏа-делахь, дӏасабовла меттиг бац церан. Къилбаседехьа – йекъа, йаьсса гӏамаре аренаш, къилбехьа – лекха тӏулгийн лаьмнаш. Оцу хьелаша вайна некъ боьхку гражданство тӏеэца ӏемина доцу и къармазе къам областал арахьа даккха. Доллучул а вайна хало йийриг кхин а ду – уггар токхе ах мохк цаьргара вай схьабаьккхинехь а, церан долахь стратегин ӏалашонна доккхачу маьӏне болу важа мохк бисар.
– Хӏаъ, Муса Алхазович, – корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Нохчий хӏокху хьелашкахь битахь, машарей, синтемей догдохуьйла йац вайн. Амма кӏелхьарвала цхьа ков доцуш хало а хилац. Йерриг Кавказехь вешан ӏедал хӏоттийна вай, Нохчийчохь а хӏоттор ду.
– Бехк ма биллалахь, Михаил Тарелович, амма, нохчий Жимачу Гӏебарта кхалхо ӏалашо йолуш, ахь хӏоттийна план кхочушйалур йоцуш хета суна. Нохчийчоь шина декъе йекъар – иза йуха а цкъа тӏамца дӏалацар санна хуьлу.
– Дера, шайн лаамехь-м кхелхар ма бац уьш цига, – ойла а йина, тӏетайра Лорис-Меликов. – Хӏун дан деза ткъа?
Кундуховс даррехь жоп ца делира, командующин собар зен гӏерташ санна.
– Дала аьтто бийр бу, – шалхе велавелира иза. – Герзан ницкъаца низам хӏотталур дац вайга. Кхин некъ каро беза.
– Нах эцаррий?
– Иза а бац тешаме. Церан ханаш а, элий а бац вайна бохкабала. Бохкалуш нах кӏезиг карор бу нохчашлахь. Шен амал йолуш къам ма ду иза. Караӏамозчу эмалканчул башха, дуьрста йезац цунна.
– Церан элий а, ханаш а цахилар дикахо хета суна, – ойлане корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Ойла йел ахь, мел къиза бара дагестанхойн ханаш. Таркхойн шамхало хӏун дора шен ахархошна? Гӏожмаш йеттара, бӏаьргаш бохура, тӏуьначу зинданаш чохь бахкабора. Кюрин Аслан-хана цхьа бехкбаьлла шенаш цӏийдинчу эчигца морцура, лергаш дохура, баьшначу кортошна тӏе кхехка даьтта дуттура. Шайн ахархойн зудабераш нохчашна говрех бухкура. Церан и акха гӏиллакхаш буххенца, гуттаренна а дӏадаьхна Россин культуро.