Кундухов цавашаре велавелира.
– Бехк ма биллалахь, хьан локхалла, Россехь ахархой ӏаьржачу боданехь латтош хилар дицдо ахь. Вайша цхьа кавказхо хиларна, хьох къайле йац сан. Ермоловс Дагестанера ахархой «маьршабохуш», оьрсийн муьжгий бӏозза халачу, къизчу хьолехь бара. Арслан-хана шен ахархойн йоӏарий говрех бухкура, ткъа оьрсийн помещико шенаш ерех хуьйцура. Массо газет къарздой хуьлура крепостной ахархой бохка-ецарх йолчу рекламаша. Мичахь йара и акхаралла? Цивилизацин Россехь! Цигахь а иза хилча, ткъа Дагестанерчу ах-акха элашний, ханашний бехкбилла гӏертар суна-м беламе ма хета, Михаил Тарелович.
Кундуховн дуьхьало йоцуш хецаваларо цецваьккхинчу Лорис-Меликовс акъваьлла ладоьгӏура цуьнга.
«Дерриг а схьа ца олу ахь, амма вуьшта гуш ду-кх хьан дагахьдерг, – леррина хьаьжира цуьнга командующи. – Лаа дац, «мел йузайарх, борз варша хьоьжу» боху оьрсийн кица».
– Хӏета, хьо реза вац-кх кхузахь вайн правительствос дӏахьочу политикина йа, вуьшта аьлча, цуьнан императоран воккхаллин лаамна? – хаьттира цо, шен ирачу хьажарца Кундуховн бӏаьра а вогӏавелла.
Кундуховс бӏаьрнегӏар а ца туьйхира.
– Айса государь-императорна тешаме хила биъна дуй, йоӏбӏаьрг санна, ларбо ас, Михаил Тарелович. Лар а бийр бу. Амма суна оцу лакхарчара тхаьш адамаш лорийла а лаьа. Оха мел доггах гӏуллакхдарх, тхо мел хьекъале делахь а, оцу вельможашна гергахь сой, со саннаршший шайн вежарийн цӏий ӏено «караӏамийна акхарой» ду. Хӏаъа-ткъа, ахчанах а, чинех а дохкалуш, эцалуш долу.
Меллаша тӏе а вахана, Кундуховн белшах дайн куьг туьйхира Лорис-Меликовс.
– Сан хьомсара Муса Алхазович, тӏех цӏий сиха стаг ву хьо. Барт бийр бу вайша: суна хӏумма а ца хезна. Амма иштта дешнаш кхечуьнга олучух ларлолахь. Кхин а дика хир ду, и зуламе ойланаш ахь коьртера дӏайаьхча. Сан даггара хьехар ду хьуна иза. Ткъа оцу хьокъехь суна хетарг хаа лаахь, со буххенца реза вац хьоьца. Цхьацца кӏезигчу нехан зуламечу, къизачу йа сонтачу гӏуллакхашца дуьстина, хадо ца беза халкъан, мехкан мах. Росси цивилизацин мохк бу. Лаахь а, ца лаахь а, хӏара ламанхой адамаллин историна дукхе-дукха гена тӏаьхьабисина.
1. Толлу жӏаьлеш