Даймохк ларбеш гайтина майралла – къонахалла йу,
разбойникан майралла – зуламалла ду.
А. А. Бестужев-Марлинский
Областан эскарийн командующин Лорис-Меликовн омрица Нохчмахка веана полковник Муравьев а, цуьнца кхин цхьа керла эпсар а валош, тахана Гати-Юьрта кхаьчнера Ичкерински округан начальник полковник Головаченко.
Керлачу йуьртдас Хортӏас доккха шун хӏоттийра хьешашна. Ишттачу меттигна цо Соьлжа-Гӏалара эцна чохь сурт го ӏаьржа лак хьаькхна йоккха стол, тӏе кӏайн шаршо а йаржийна, даарех, маларех йоьттина йара. Хьеший стоьла гонаха ховшуш, чукхечира цара шайна талмажаллина кхайкхина Гӏачалкхан дукъаца йолчу йартийн наиб милицин майор Шамурзин Бота.
– Йаалаш, хьеший, йаалаш! – гонаха хьийзара Хортӏа. – Шайна оьшург алалаш. Хьозанан шура а карор йу вайна! Хьан оьздалла, хьо йуьстара кхийдаш ма хетало? Хӏара чагӏар доттий ас хьуна?
Сатталц диъна, мелла бевлча, хӏусамдена баркалла а аьлла, Ботина тӏевирзира Муравьев:
– Господин майор, хьо дукха кӏадвелла вацахь, хӏусамдеца аравалий, йуьртара нах майдана гулбехьа.
Бота, шозлагӏа ца олуьйтуш, Хортӏица цхьаьна аравелира.
– Иза хӏун нохчо ву, господин полковник? – хаьттира дукха хан йоццуш Нохчийчу веанчу штаба-капитано фон Клингера, Ботин букъ неӏарх ма-тилли. – Хабар, лелар а кадрови эпсарчух тера ду цуьнан, тӏе, оьрсийн мотт а хаьа шера.
Полковник Муравьев велавелира.
– Иштта шера хаьа цунна французски а, польски а меттанаш. Гвардейски эпсар ву иза. Нийсса аьлча, хилла-кх.
Фон Клингер цецваьлла ладоьгӏна висира.
– Хьуна ца хезна цуьнан истори? – цул а цецваьлла хаьттира Головаченкос.
– Хӏан-хӏа. Со керла ма ву кхузахь.
– О, тамашийна стаг ву Шамурзаев!
– Полковник, ахь йийцахьа цу майоран истори. Дукха йийцина, кӏордийна суна.
– Дийцахьа, господин полковник!
– Дика ду. Мукъа цаӏар хир! Цхьацца ца дийцахь, кху ӏуьргахь сагатделла а лийр ву. Амма цкъа хьалха къамкъарг тӏунйан йеза.
Фон Клингера, каде хьалаиккхина, чагӏарх шайн кхо стака дуьзира.
– Хӏаъ, тамашийна йу Шамурзаевн истори, – волавелира Муравьев, дассаделла шен стака охьа а хӏоттийна, мекхех куьг а