хьаькхна. – Тохара, Алексей Петровичан заманахь, вайн эскарша цхьа йурт дӏалоцуш цигара берриш бахархой хӏаллакьхилира, исс шо кхаьчна цхьа кӏант воцург. Иза а карийнера чов хилла ӏуьллуш. Салташа шайца гӏопе веана иза, чов йирзича, хӏетахь корпусни командир хиллачу баронан Розенан вашас шен доьзале дӏавигийтира. Хӏара нохчий, шаьш акха бехаш белахь а, хӏуманах дика кхуьуш, хьекъале адамаш ду.
– Хезна суна, иштта вигначу шина кӏантах тӏаьхьа Россехь цӏейаххана ши стаг хилла бохуш, – мелла а шен хаарш гайта лиъна, йукъавуьйлира фон Клингер. – Шийтталгӏачу шеран тӏамехь гӏараваьлла майра инарла Александр Чеченский а, художник-академик Петр Захаров а.
– Розенан доьзалехь лаккхара европейски образовани а, кхетам а болуш кхиира хӏара Бота а. Боккхачу кхиамца эскаран школа чекх а йаьккхина, башха эпсар хилира цунах. Цкъа цхьанхьа Бота гинчу воккхачу эло Константина шен свите вийхира иза Розене. Хӏетахь Польски паччахьаллехь ша наместник волуш. Паччахьан вешин дехар кхочушдан дийзира баронан. Кестта воккхачу элан уггар гергарчех цхьаъ хилира Ботех. И майра, хьекъале, куьце эпсар даггара везавеллачу наместнико, цунна зуда йало дагахь, шена иза керста дине верза лаар хьахийра цуьнга. Амма Ботас, баркалле хьовзош, ша цу балхана резавацар хаийтира. Берахь ша ваьккхинчу махке сатуьйсучу Ботас Кавказехь гӏуллакхдечу эскарехь хила шена лаар хаийтира говза далийначу дехарца.
– Майра, оьзда дехар ду иза-м! – бӏаьрг буьзна вистхилира фон Клингер. – Иштта доьналла долуш нах кӏезиг нисло.
– Константина кхочушдира Ботин дехар, – дуьйцура Муравьевс. – Кхуза схьавеана иза Таьшкичу-гӏопехь гӏуллакх деш сецира. Хӏетта йукъаваьллачу Шемалан Дегӏастанахь цкъа кхиам, йуха эшам хуьлучу шерашкахь дара иза. Дегӏастанахь вохийна имам ведда Нохчмахка вар а, кхузахь шовзткъалгӏачу шарахь хилла гӏаттам а, вайн йуьхьанцара эшамаш а хьуна хууш хир бу. Ломахь хуьлучу гӏуллакхашка леррина хьоьжу Бота вайн эскарийн йуьхьанцарчу эшамех, нохчийн кхиамех ӏехавелира. Шемал тоьлур вуй, тӏаккха ломахь феодальни пачхьалкх кхоллалур йуй, хьалххе цигахьа ваьлларг оцу пачхьалкхехь имамал дукха лахахь хир