толамашкахь цхьа а тайпа дакъа дац цуьнан.
– Собар цкъа…
– Хӏаъ, Шемала цхьа а толам ца баьккхина. Цхьана а тӏамна тӏехь цо куьйгалла цадарна. Амма Шемал ша хьекъале администратор а, говза идеолог а вара, ламанан халкъашлахь доккха сий долуш. Цундела халкъаш, Делах санна, тешара цунах.
– Мила вара ткъа кхузахь и тӏеман толамаш баьхнарг? Хьо-м вацара?
– Цуьнан наибаш. Цаьрца цхьаьна со а.
– Хӏета, Шемалан шен Кутузовгӏар, Багратионгӏар, Давыдовгӏар хилла-кх?
– Цунах тера догӏу.
– Масала?
– Цӏонтаройн Шоӏип, алдахойн Юсуп-Хьаьжа, шелахойн Тӏелхаг, мичкахойн Соӏду, Эски а, кхин, кхин а. Юсуп-Хьаьжа, европейцийн маттахь аьлча, Шемалан генеральни штабан начальник а, премьер-министр а вара.
– Гиххойн Сайдулла, шотойн Атаби, курчалойн Ботукъа а, гендарганойн ӏиса а, – цӏераш тӏетуьйхира Головаченкос.
– Аш дийцарехь-м, Шемала тӏом бина а ма бац! Хӏета, и шен ткъайасна чов мичара йаьлла цунна?
– Тӏамехь ши чов хилла цунна – Гимрахь а, Ахульгохь а. Цхьа чов – Хунзахерчу маьждиг чохь дов даьлча. Шийтта чов Чобаьккхинарчу бӏаьрзечу нохчочо Гӏубаша йина. Важа йисина йиъ чов ламанан нохчаша йина, иза шайна ницкъ бан воьлча.
Клингера, цецваьлла, корта хьийзабора.
– Бӏаьрзечу нохчочо хӏунда верина иза?
– Иза йеха истори йу, – доккха садаьккхира Ботас. – Ша тӏевоьссинчу хьешан къона йоӏ шена йига гӏоьртина хилла Шемал. Йоьӏан бертаза. Йоьӏан нана йацара, ткъа да, тӏаме вахана, цӏахь ца хилла. Имаман дагара хиъначу йоьӏан ненан шичас, бӏаьрзечу Гӏубаша, буьйсанна ха дӏатийначу хенахь Шемал волчу цӏа чу а вахана, жима а, йоккха а шийтта чов йина цунна. Иштта йу, бохуш дуьйцу, оцу чевнийн истори.
– Ткъа бӏаьрзечух хӏун хилла?
– Дуьххьара чуиккхина ши хехо Гӏубаша вийна, тӏаккха тӏаьхьа чулилхинчу муртазекъаша, схьа а лаьцна, когаш, куьйгаш а дихкина вигна, вийна. Цхьаболчара дуьйцу, цӏестан чари чу а виллина, кӏел цӏе а латийна, вагийна бохуш, кхечара, ӏай арахь хи чохь долчу ной чу а виллина, гӏорийна вийна бохуш. Бакъ муьлха ду-м, хаац.
Хортӏас чай доьттира массарна а.
– Дерш, доцурш а дуккха а кхоьллина Шемалан цӏарна гонаха, – элира Муравьевс. – Хала ду царах харц-бакъ къасто. Амма суна цхьаъ хаьа бакъ а долуш.